ТIекхочийла долу линкаш

Малин шахьарахь Бамакохь хьешан цIенна тIелатар дина полицино


Мали мехкан шахьарахь Бамакохь Редиссон Блю олу хьешан цIенна тIелетта полици, цу чохь 170 стаг закъалтна лаьцна террорхой бохорхьама. Сарахь Франспрессо баржийна хаам бара, массех стаг вийна, ткъеха зуламхошкара мукъаваьккхина аьлла. Хьешан цIенна гергаоьзнера меттигера эскарш, леррина ницкъаш, иштта Малин къилбаседанехь жихIадхошна дуьхьаллаьтта Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин дакъош а.

Полицино бахарехь, дипломатийн машенахь хьешан цIийнан керта а бевлла, 7-чу гIаттIе хьала а бевлла, цигахь долийна террорхоша герзаш кхийса. Зулам дина гIаттамхоша-туарегаша шайн Iедалца тIемаш совцош массех бутт хьалха бина барт хиллашехь. Цкъачунна Малин Iедалан, машарна арахьара чудаьхкинчу эскарийн аьтто ца болу Малин цхьадолу дакъош шайн куьйга кIел эца.

XS
SM
MD
LG