ТIекхочийла долу линкаш

Закъалте лецна нах байина Малин коьртачу шахьарахь


Мали пачхьалкхан президенто Кейт Боубакар ИбрахIима дIахьедина, шайн коьртачу шахьарахь отелна тIе а летта закъалте лецна хиллачу нахах тIемалоша 19 стаг вийна, аьлла. Полицино бIе сов закъалтхо мукъавоккхуш вийна ши тIемало. Францин олаллехь лаьттинчу оцу мехкан лидеро ша телевизионехула къамелдеш кхераме хьал а кхайкхийра ерриг а пачхьалкхехь.

Бамакорчу Редисон Блю отелехь дира и зулам тIемалоша пIераскана. Нах лецар а, байар а шена тIеэцна Мали махкахь Iедална дуьхьаллаьттачу гIаттамхоша.

Хиллачунца доьзна Францин президента Олланд Франсуас шайн пачхьалкх накъосталлехь ю Мали махкана аьлла.

XS
SM
MD
LG