ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШца гергарлонехьберш лоьцуш бу Туркойчохь


Туркойчоьнан полицино кхо стаг лаьцна “Исламан Пачхьалкх” олучу жихIадхойн тобанера хиларх шеко йолуш. Царех цхьаъ Белгин вахархо ву. Иза Парижехь талорхош динчу нахаца зIенехь лаьттина боху полицино. И стаг а ву Мароккора схьаваьлла – ДахIмани Ахьмад.

Ваьхна Анталехь тоьллачу отелехь. Важа шиъ шемахо ву, оццу хьостано бахарехь. Туркойчоьнан Iедало кIира хьалха махкал араваьккхира ДАIИШца гергарлонехь хиларх шеко йолуш 8 Марокко махкара веана вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG