ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалин мэран гергарчо ши стаг вийна


Деношкахь Маршо Радионо довзийтина ма-хиллара, Соьлж-ГIалахь ши вахархо Дзейтов Мохьмад а, Алиев Хьусайн а вийна гIалин мэран уллера гергарчу цхьамма герз а диттина. Кафе чохь даьлла дов иштта дерзийна Iедалан ницкъаллин урхаллехь болх бечу цо.

Хилам бийцаребо махкахь тахана а, социалан машанашкахула лела вийна шиъ Iуьллуш гойту суьрташ. Нах ца теша зуламхочунна доггIа таIзар дийр ду бохучух. Ватсапехула даьржина лела цхьацца наха вийначу шиннан гергарчаьрга кадамаш бен махкахойн аьзнаш.

Кхочучу хаамца, зулам толлуш ю полици.

XS
SM
MD
LG