ТIекхочийла долу линкаш

Бисултанов Апти: "Я АллахI, ДегIастанахь валар лолахь суна!"


Нохчийн поэт Бисултанов Апти, Германи.

Нохчийн поэт Бисултанов Апти, Германи.

Бисултанов Апти. Къоман мехала дакъалг. Нохчийн къоман хазна, дешан тоьлла пхьар. Иштта олу цунах дуккхаъчара.

Гар-алар, кхетам-хьажам, леллачуьнга-долучуьнга болу ларам - нохчийн дерриг а дахар гарадаьккхина чекхбаьллачу шина тIамо. Кхоьллина нохчашлахь ши берд, царна юккъехь лацаделла лаьтташ иэс а долуш.

Иэсо боькъу уьш шина декъе. Цхьаберш беха тIемаш бовлале шаьш чам баьккхинчу маршонехь, цигара юхабахка ца туьгуш. Вуьйш беха, шаьш Iазапан муьрера аттаче девлла, къурд ала хала хиллехь а, иза аьллачул тIаьхьа шайна тоъал паргIато а кхачийна аьлла хеташ.

Дехьа бердашца бисина ахархой, яздархой. Сехьа бердашца бисина ахархой, яздархой.

Юккъехь яхь кхобу, эхь кхобу селхане мел лаьтта кхетар бац вовшах ши берд, ши кхетам, ши хьажам. Уьш берта бига я ницкъ а, я хьекъал а цкъачунна дац, я кеста Нохчийн махка дуссур ду ала а дац.

...Юьтур вай и пекъар ойланаш, и гIийла узам. Дехьа бердаца висинчу нохчийн тоьллачу поэтах, аьлча а поэтца ду Маршо Радион къамел.

Бисултанов Апти. Къоман мехала дакъалг. Нохчийн къоман хазна, дешан тоьлла пхьар. Иштта олу цунах дуккхаъчара. Дикка хан яьлла даймахкарчу а, цул арахьарчу а бахархошна иза хазаза.

Германерчу Бисултанов Аптица ду тхан къамел.

Нохчий поэзехь тоьллачех ву олура хийлачо цхьа шераш хьалха Бисултанов Аптина. Муха олу тахана? ЛадугIур вай нахана и санна бевзачу, Нохчийчохь бехачу яздархошка.

Мила ву шуна Бисултанов Апти? Хьалхара жоп поэтан Яралиев Юсупан ду.

Поэт Яралиев Юсуп

Поэт Яралиев Юсуп

Дешан говзанча, вевзаш яздархо ву Нохчийчохь Уциев Абу. Цуьнга а хоттур вай, мила ву поэт Бисултанов Апти.

Яздархо Уциев Абу

Яздархо Уциев Абу

Нохчийн прозехь тоьллачех ву, къовсаме дилла а ца оьшуш, Бексултанов Муса. Мила ву махкахь байташ зорбане ца йохуьйтуш, Iедало халкъе вицве боху Бисултанов Апти?

Яздархо Бексултанов Муса

Яздархо Бексултанов Муса

(ШолгIа дакъа кхузахь ду)

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG