ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шуна муха дагадогIу, муха мах хадабо аша Лахьан-беттан 26-чу дийнахь хиллачун?


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала. 1994, Лахьан-бутт, 26
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала. 1994, Лахьан-бутт, 26

Нохчийн исторехь доккха тезет хилла дIахIоьттина Лахьан-беттан 26-гIа де. Цу дийнахь 1994-чу шарахь оппозицехь бу боху нах баьхкира Соьлж-ГIала герзаца Iедал карчо дагахь. Шайн исторехь дуьххьара вовшашца тIом бира нохчаша. Цу хиламца дозна ду кху кIиранах Маршо Радионо эфирехь дийцаре дан диллина долу хаттар.

Иза иштта ду. Шуна муха дагадогIу и де, муха мах хадабо аш хиллачуьнан?

ХIоттийначу хаттарна жоп дала луучарна - тхайн телефонаш.
Прагица зIене волуш: + 4 20 72 40 1 8 32

Горгали баийтинчул тIаьхьа, охьайилла а тарло телефон, тхаьш девр ду тхо дуьхьал зΙене.

СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 92 6 23 60 4 65.
Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 4 20 72 40 19 8 32
Шайна хетачух лаций язде тхан сайте а: radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG