ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда

Дагалецамаш

Сайн дагалецамашна
суо карор йоцучoхь яха
ас хуьйцур-м ду мехкаш, я гIаланаш,
амма
царна со карайо
тулгIенна берд санна,
ахканна хIорд санна,
моханна мас санна.
И дагалецамаш болчохь со сихло
едда-едда Iожаллин маракхета...
ХIинца
сайн дагалецамашна суо карор йоцучoхь яха -
со реза ю церан лар йоцучу паналлехь яха,
сайх "нана" олучун дуьхьа,
ас "нана" олучун дуьхьа.

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG