ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда

ТулгIе

Берданa тIекхача
дахарал некъ бинарг -
тулгIе,
эзарнаш юккъера
шега сатийсинчу
тIулге
kIайн-сийна дог далхон,
тIаккха дог иккхина
яла,
цо еъна азаллех
абадехь къинхетам
балла...

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG