ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда

Хаттар - жоп

- Хьо ма яйна, кока юца Iаьмма хьо,
ХIорда йистехь мийлла куьйгаш лехаш?

- Кераюккъехь дохдеш ю со Iаьнарца
ДIора кхуза хьоькху шийла мехаш.

- Гирий хьуна оцу мохо дадийна
Стиглахула сирла кехат доьдуш?

- Гира, амма хи чу доьжна тIадийна
Цуьнан йоза тулгIе яра доьшуш.

- Гирий хьуна нуьре лепаш кIайн гата,
Хи тIехь доьдуш "Дог" цIе йолу кема?

- Гира, амма сарахь молла кхайкхина
Чуяхара синна дайдан къемат...

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG