ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда

***

Куьпча Iам Iадийна пхьидарчий екар ю,
ХIумма а ца хилча санна,
Стиглахь а бус-буса седарчий лепар ду,
ХIумма а ца хилча санна,

Мархаша стигалца беттаса къовсур ду,
ХIумма а ца хилча санна,
Ткъа юьртахь цецдевлла жIаьлеш дIа-м совцур ду
ХIун хилла хаарна шайна.

Ткъа некъийн йистошкахь бецан тхиш бIарзлур ду,
Ган луург ца гарна шайна.
Ткъа юрт а цецъер ю саттассалц даьгна кор
Гича цу буссехь дIадайна.

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG