ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сингаттаме ю тахана Брюссел


Парижехь 130 стаг а вуьйш талораш дина Iаьрбий шайн махкахой хиларе терра, шайна тIе а боьссина терроран кхерам, аьлла, дIахьединчул тIаьхьа Белгин Iедало ханна сацийна Брюсселерчу метрон болх, алссам урамашка баьхна полисхой. Лецна нах а бу.

Белгин Iедало 16 стаг лаьцна Брюсселехь, уьш Парижехь I0 де хьалха динчу талорийн декъахь хиларх шеко йолуш. Мехкан прокуроро Дер Сипт Вана хаамбина, лаьцначаралахь вац лаца кхайкхийна волу Iабдесалам Салахь, аьлла.

Амма ца хаийтина, муьлш бу шаьш лецнарш.

Оцу юкъанна Париже вахана волу Британин премьер-министр Кемерон Девид а. Францин президент Олланд Франсуа а хилира шахьарахь вийначу I30 стагах 90 чохь хиллачу Батаклан олучу концертан хIусамехь.

“Исламан Пачхьалкх” олучу тобанашна Шемахь, Иракъехь Малхбалено дечу тохарийн декъа Британи а хIоттор доьхур ду ша шайн парламенте. Парижехь талорхошца дерг хьал мелла а теллинехь, Брюсселехь и болх жигара дIахьош ю цигара полици.

Оршоьтан буса I9 меттехь цIийнах хьаьвсина уьш Брюсселехь а, мехкан къилбехь лаьттачу Шарлеруа гIалахь а. Герз я оьккху коьчалш шайна оцу талламашкахь ца карийна аьлла ду дина дIахьедар.

Амма буса Брюсселна гергарчу цхьана меттехь бар зуьйчу полицин машен а йохош шен машенахь ведда кIелхьара вала гIоьртира цхьаъ. Иза шеш лаьцна. Боху мехкан прокуроро. Белги кхераман хьал кхайкхийна еха тахана – къевлина ю метро, нахе доьху Iедало гIуллакх доцуш арахула цалелар.

Оцу махкахь, кхиболу бахархой а санна, саготта бу меттегера мухIажирш-нохчий а. Царех бу Бисин Зиян доьзал а.

Маршо Радионо хаьттира цуьнга уьш бехачу меттигерчу хьолах а, гонахарчу белгийхошкарчу дог-ойланех а лаьцна. Иза воккхаве зуламхой декъахь нохчий хаабелла доцуш хьал.

Зия: «Кхузахь долу хьал цхьа а хийцам боцуш ду. ХIинца новкъахь ву со, Бельги воьдуш. Соьга хIума бохуш стагга а вац! Цхьана агIор кхерам хаабелла дуьйцуш хир ду кхара «ларло» бохуш. Брюсселехь щколашкахь бераш доьшуш дац тахана, шайн къам лардеш бу-кх хIорш, схьахетарехь.

Аэропортехь а, цхьаццанхьа а герзаца лаьтташ салтий го. ХIара дерриг Оьрсийчуьра схьа ду, аьлла хета суна. шен карара дарж дIа ца хеца Путинан лелош хIумнаш ду хIорш…».

Белгин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Ямбон Яна журналисташца къамелдеш, махкахь лохуш волу цхьа террорхо схьакарорах паргIатдовлучохь дац шаьш, талорхоша Белгехь бен биллинчух тера го сурт, сахьт дац Парижера бохам кхезахь хила а, аьлла.

Цкъачунна юкъара некъан транспорт хьовха, къевлина юьсуш ю I миллион сов адам а дехаш, Европан юкъарчу организацийн шахьар ларалуш йолчу Брюсселехь школаш, лакхарчу дешаран хьукматаш.

Мехкан кхин гIаланаш а ю хьолах лерг диллина Iаш.

XS
SM
MD
LG