ТIекхочийла долу линкаш

Ток йоцуш юьсуш ю ГIирма


Оьрсийчоьно дIалаьцначу ГIирме электроэнерги яхийтарх лаьцна дийцарш дIахьура ду, Москоха лецна болу Украинера политикан тутмакхаш дIахецахь. Иштта дIахьедар дина Украинин Лаккхарчу Радан депутато, ГIирмерчу гIезалойн лидерех цхьаъ волчу Джемилев Мустафас. Цо иштта кхайкхам бина Оьрсийчоьне шена а, ГIирмерчу гIезалойн Меджлисан куьйгалхочунна Чубаров Рефатана а ГIирме ваха бакъо ло аьлла а, «цига адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хьал талла дуьненаюкъара вовшахтохараллаш» чуйита аьлла а.

Шаьш доьхург цадахь ГIирмина блокада ечу наха бакъо лур яц цига электроэнерги яхийта боху Джемилевс. Цо дийцарехь, жигархоша бакъо елла Херсон махка а, Запорожьерчу зарратан станцина а тIе доьду тоькан бIегIий меттахIитто.

Карарчу хенахь ГIирмехь электросерло йоцуш вуьсуш ву цхьа миллион ах миллион вахархо. И хьал хIоьттина Херсон махкахь тоькан бIегIий лелхийтинчул тIаьхьа. И бахьана долуш ГIирмера бахархой халонаш хьоьгуш бу хица а, йовхонца а, зIеца а. Ледара болх беш ю канализаци. Бензин а, салярка а духкучу станцешкахь а, банкоматашна хьалха а рогIе хIиттина лаьтташ бу дуккха а нах.

XS
SM
MD
LG