ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яккхий машенашлелорхоша дIахьош йолу доьхьалонан акци, кхиъ яьржа мегаш ю


Яккхий машенашлелархоша, доьххьара и акци, ханна аьлла дIакхайкхинера. Церан деган йовхо яра, и тIеэцна болу сацам дIабоккхура бу аьлла. «Платон» аьлла цIе тиллинчу керла системийца, йоккхачу машена бечу некъах, хIора цхьана чакхармах цхьа сом ах сом сов далар тIедожийнера царна.

Керлачу шарахь, и барам кхиъ, оццула хьалабоккхура болуш а бу. Оцу хIуманна шаьш реза ца хилар хоуьйтуш, машенашлелархоша ерриге а пачхьалкхехь 50 ца кхоччучу гIаланашкахь а, кIошташкахь а дIаяхьара и акци. ХIара бутт чекхаболуш, йоккха, кхин цхьа а дIакхайкхина цара.

КъилбаСеда Кавказера яккхий машенашлелархой а тIетайна оцу хIуманна. Дагестанехь, хIета дуьйна, Карабудахкентан кIоштехь, федерал некъан йистехь лаьтташ ю, бIеннашкахь церан машенаш. Схьагарехь, юхабовла дагахь а бац уьш. Маршо радиога, иштта элира Мохьмад шен цIе ю аьллачу машенлелархочо.

Мохьмад: «Кхин дIа хIун хира ду хууш дац. КIира сов хан ю тхо кхузахь лаьтташ долу. Кхиъ баттахь латта а кийча ду. Некъа тIе а ца довлу тхо. Цхьанна а новкъа а дац».

Ерриге а пачхьалкхехь дIакхайкхинчу оцу доьхьалонан акцехь дакъалоцучу машенашлелархошна ша верриг а, шаьш дечуьнна тIетан веза аьлла хета. ХIунда аьлча, кхана-лама Iедалша сацам бахь, хIаваах а ахча даккха дуоло мега боху цара. Цундела, шай ма хуьллу, яьккхий машенаш тIех ца йовлуьйту, кхечарна новкъарло а ца еш. Латарш а хуьлу, бохуш кхин дIа а дийцира машенлелархочо Мохьмада.

Мохьмад: «Дагестанера «Камаз» тIера цхьаъ ца сецнера тхуна. Цунна машен тIаьхьа а хаьхкина, сацийнера. Цо, шен карара эчкан догIа тоьхнера тхоьх цхьанна. Цул тIаьхьа, цунна йиттинера. Цо полици арз а ца дина. Оха пачхьалкхан Думе кехат а язйина. Иза, толлуш ду аьлла хезна тхуна, кхин схьахууш хIума дац цуьнах».

Некъан ял лакхаяьккхарх, цхьана машенашлелархошна тохар хилла Iийра доцийла кхеташ бу могIарера нах а, эксперташ а. Нагахь, санна уьш къера хилахь, кхана-лама, цара дIа мел кхоьхьучу хIуманна, мах лакхабера бу. Экономикехь, ша дерриг вовшех доьзна ду, бохуш Маршо радиога дийцира Дагестанера политолога Эседов Альберта.

Эседов: «Ша дерриг йоьхьарлаьцча, со тIетов, оцу яккхий машенашлелархошна. Керла юккъеяьккхинчу йолу, церан иштта а хала болу болх, гуттара а чолхе боккхура бу. ХIинцале, некъа тIе а девла цхьаъ дIахьош, цара дIалуш ма ю 5-6 ял. Цара хIинца цхьана чакхармах 3 соьманна тIе хьалабаккхахь, со кхоьру, иза, гIишлош таярна, аьлла схьаэцначу ахчех санна хира ду аьлла. Ахча схьагулдина нахера, ткъа, церан цIенош маца тадийра ду ца хаьа. ХIинца, хIара гIуллакх, машенашлелархойх хьакхаделла, кхин дIа а суна хетарехь, иза кхечарах а хьакхалура ду».

МогIарера совдегархой а бу, яккхий машенашлелархойн доьхьалонан акци тергонехь латтош. Царна, хууш ду, кхана-лама хила мегаш йолу чолхалла шай балхана тIехь а хаалура ю аьлла. Цуьнах дуьйцу Нохчийчохь вехачу Сатуев ИбрахIима.

Сатуев: «Цхьа а санкци а йоцуш, мехкдаьттах I50 доллар мах а болуш, ца тайина йолу экономика, тахана тайира яц. Украинехь цхьана шарахь тIом а бина, хIинца, Шема а бахана тIом бан, оцу яккхий машенаш тIехь болчу мисканашкара сом даккха гIерташ бу. Оцу тIаманна а хьажора дацара цара иза-м. Шай кисанна дуьллура ду. Ян некъ а бийра бац, я экономика а тайийра яц. ХIунда яц? Дера яц-Iедал лартIехь доцун дела. Тахана и машенашлелархой, юууш а йоцуш, молуш а йоцуш, Iа а, бIаьсте а ца къестош къахьоьгуш бу. Сан лулахо а ву-кх иштта. Цуьнан берийн багара йоккхуш ю-кх цара. Тахана, и ял яьккха гIерташ берш, шай долахь банкаш а, эскарш а долуш бу».

Яккхий машенашлелархоша, шай кисанна ма кхийда бохуш, дIахьош йолу и акци, цхьаболчу Iедалхоша, пачхьалкхан кхерамазалла йоха а йина, цуьнан бух харцо лелош ду аьлла хета. Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думийн депутата Федоров Евгенийс, дIахьедар дина, яьккхий машенаш лелархошна, урхалла Iамеркера деш ду аьлла. Уьш гIевтича, царна тIетовра бу, Украинера оьрсийн мотт буьйцуш болу тIемалой, уьш схьабогIура бу, кхузахь Iедалан карчам бан, бохуш кхерамаш туьйсу депутата.

Москоха, и акци дIаяхьа мега бохучуьнна, цхьаболу машеналелархой а реза бац. Амма, шай дан хIума дац боху цара, дукхахберш реза хилахь, шаьш а иза дийра ду.

Доьхьалонан йоккха акци хIара бутт чекхаболуш дIахьура ю бохуш дIакхайкхадо яккхий машенашлелархойн белхан кхеташоно. Оьрсийчуьрчу цхьайолчу регионашкахь, гулбеллачарна новкъарлонаш а, цхьацца питанаш а дина, муьлша бу ца хуучу жигархоша.

Шай агIора, Iедалша, боху, некъан ял, дуьнена тIера дукхачу пачхьакхашкахь ю бохуш. Шаьш реза ду, иза юккъеяккхийта, нагахь санна, оцу пачхьалкхашкахь санна некъаш а, алапаш а шайна хIиттадахь. Шаьш иштта а, тIедиллина ягорг а оьцуш, ваханчуьра юхавеъча, дIалура ду бохуш, декхара а бахана беш бу болх, бохуш доьхьала къамел до царах цхьаболчара.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG