ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан тIеман кема шаьш чудаийтина хилар даре дина Туркойчоьнан Iедалша


Шен хIаваан доза дохош хилча дуьхаьло ян бакъо ю Туркойчоьнан аьлла, дIахьедар дина туркойн премьер-министро Давутоглу Ахьмада. Цо дийцарехь, Туркойчоьно шега далуш дерг деш ду шен кхерамазалла ларъян.

Хьалхо Шинарин дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дира шайн Су-24 кема чудаийтаро вуно чолхе тIаьхьалонаш йохьур ю оьрсийн а, туркойн а юкъхаметтигашна аьлла.

Оьрсийчоьнан тIеман кема чудаийтарца доьзна хIоьттина хьал дийцаре дан НАТО-н кхеташо хир ю Туркойчоьнан дехарца. Туркойчоьнан хаамийн гIирсаша дийцарехь, Оьрсийчоьнан Су-24 олу тIеман кема чудаийтина Туркойчоьнан тIеман хIаваан ницкъаша.

Туркойн тIеман министралло бинчу хаамца, оьрсийн тIеман кема чудаийтале масуьйттоза варе дина хелла иза цо Туркойчоьнан доза хадийна хиларх лаьцна.

Амма оьрсийн пилоташа тидам а ца беш битина хилла шайга беш болу кхайкхамаш. Шемахь дIатардина долчу оьрсийн тIеман кеманаша хьалха а масуьйттоза хадийнера Туркойчоьнан хIаваан доза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG