ТIекхочийла долу линкаш

Снецовна а, Кольченкона а тоьхна хан тIечIагIйина Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело


Украинахошна Сенцов Олегна а, Кольченко Александарна а йина кхел ницкъ болуш йитина Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело. Кху шеран Марсхьокху-баттахь Къилбаседа Кавказан тIеман кхело терроризм лелийна аьлла, бехке а вина, набахтехь даккха 20 шо хан туьйхира Сенцов Олегана. Ткъа Кольченко Александрана туьйхира 10 шо.

Дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино а, Оьрсийчура Мемориал олучу бакъонашларъярхойн центро а дIахьедар дина Украинин и ши вахархо политикан тутмакхаш лору шаьш аьлла.

Украино латкъам бина Оьрсийчоьно йинчу кхелана Европерчу Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеле. Режиссерана Сенцов Олегана тIехIиттина кху дуьнентIера дуккха а кинохь болх беш болу безаш болу нах.

XS
SM
MD
LG