ТIекхочийла долу линкаш

ВЦИОМ: Путинан политика къобул еш болу нах вуно дукха бу Оьрсийчохь


Цкъа а цахиллачу кепара лакхаяьллачохь юьсуш ю Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран рейтинг. Иза ю 87-88 процент. И терахь далийна Оьрсийчурчу ВЦИОМ олучу бахархошна хетарг толлучу центро.

ВЦИОМ-о дийцарехь, Оьрсийчоьнан президенто лелош дерг къобулдаран тIегIа лакхара дуьсуш ду кху тIаьхьарчу цхьана шарахь эха шарахь. 64 процент йолу Путинан рейтиг 86 процентана тIе хьалаелира Оьрсийчоьно ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа.

Баханчу баттахь Путинан рейтинг 89,9 процент хIоьттира Оьрсийчоьно Шемахь бомбанаш етта йолийначул тIаьхьа. ВЦИОМ-о Путинан рейтинг толлу ду 16 шо. Цу заманчохь иза охьацаяьлла 60 процентал а.

XS
SM
MD
LG