ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоьнца юкъаметтигаш талхар уггаре хьалха бIостнехьа дерза мегаш ду Оьрсийчоьнан бахархошна


turkey embassy moscow 25 november

turkey embassy moscow 25 november

Туркойчоьнан дозанехь, оьрсийн тIеман хIаваъкема чудаийтича а, цул тIаьхьа а, шинна пачхьалкхо, вовшах бехкаш богIуш дIахьедарш дира. Къаьстина, оьрсийчуьра Iедалхой: баккхий а кегий а, мел йолчу телеканалашкахь, хилларг дуьйцуш бара. Дукхачара, буьрса, вайна динарг дита мегар дац, бекхам бан беза бохуш, иштта а дика хьоьгуш йоцу юккъаралла иркахIиттош къамелаш дора.

Мотталора, тахана-кхана, тIом бала мега аьлла. Цундела, цхьаболчу эксперташа, тIом балахь а аьлла, Туркойчоьнан тIеман ницкъ бустура. Оьрсийчохь ца хууш а хила мега, амма, туркойн эскар, дуьненахь уггаре а тоьллачарах юккъахь лоруш ду, шен тIеман гIирсашца а, салтшца а, хIаваъ кеманашца а, хIурдан кеманашца а.

Бакъду, тIеман практика, церан дика ца хила а мега, кху 20 сов шарахь тIемашна юккъера ца долучу оьрсийн эскаран санна, амма, доьхьала уьш хIоьттича, дуьненаюккъера кхоалгIа тIом болабала мега бохуш, и ойланаш а юьйцура цхьаболчу эксперташа.

Кхайкхамаш бира, Туркойчоьца мел йолу хIаваъехула зIе сацаян еза бохуш. Цига садаIа эха ца оьшу, бохуш оьгIазло гойтуш яра. Цундела цецволийла дац, и оьгIазло дIа а кхаьллина, иза Iевшина, арабевлачу наха, Ульяновск гIалахь йий деш йолчу туркойн заводан тIелатар а дина, коран бIаьргаш дохийча. Кхаарийндийнахь, Москохахь йолчу Туркойчоьнан векалаллан а тIулгаш а диттина, цигахь а коран бIаьргаш дохийна.

Шина пачхьалкхан юкъаметтиг, сихонца дIа ца нислахь, хьал чолхалле кхача а гена дац, аьлла хета цхьаболчу политик эксперташна. Ишттачарах ву тахана Москохахь вехаш волу Бено Шамал. Цо маршо Радиога иштта элира.

Бено: «Нохчийн олуш цхьа хIума ду: «дакъа дукха ловзийча, цуьнга тата даьлла» олуш. Цундела, мелла а сихха и гIуллакх дIадерзор бен, кхин гIоле хIума дац. Кхане муха хира ю аьлча, цхьаъ вукхунна хьалхахь вахьтаIа ца гIертар, я яхь дIа ца яла гIертар хьалхадалахь, кханалера юкъаметтигаш чолхе хира ю. Ши а а агIо, шайга пайда эца гIертара ю аьлла хета суна. Оьрсийчоь-м муххале а. Иза оцу юккъе яхна, цундела, шен ма хуьллу, хи а ца кхоош, шен Iалашонна тIекхача гIерта мега».

Политикан тIегIанехь, Туркойчоьно а Оьрсийчоьно а, вовшех бехкамаш буьллуш, могIарерачу нахана а, бизнесна а, тохар хира ду, уггаре а хьалха, Оьрсийчуьрчана а хуьлуш, аьлла кхин дIа а дуьйцу политолога Бено Шамала.

Бено: «Украинхой олуш хилла-кх: « Элий вовшехлетча, лайн кIажарш леста. Цундела, Iедало, шаьш цхьа хIума деш далахь а, шаьш цхьана хIуманна тIекхача гIерташ балахь а, арахь а, урамашкахь бехачу нехан гIуллакх, тидаме лоцура дуй ца хаа суна. Нахана оьшуш дов дацара иза».

Уггаре а чIогIа тохар хила мега, нагахь санна, Оьрсийчоьно, Туркойчоьнца экономикан уьйранаш хадаяхь юккъерачу барамера совдегархошна. Цигара кхоьхьучу хIуманца а, сурсаташца а, бехаш, иттанаш миллионаш нах бу. Кавказехь а, Нохчийчохь а бац уьш кIезга. Туркойчуьра, бедарш лелочу совдегархочо Алиев Нурадис, чолхалла кхиъ чIагIлахь, боккха бохам хира бу боху, шена а, ша санна болчарна, элира Маршо радиога вистхуьлуш.

Алиев: «ХIинца кхин хуьлуш пайда бацахь а, дIа лелош болх бу оха. Долларан мах а лакхабаьлла. ХIинца кхеран Туркойчоьнца юкъаметтиг талха мегаш ю. Кема оьккхуьйтуш а, кхидерг деш а, хIума леладо, ткъа, ша дерриг, могIарерачу нахана зене доьрзу».

Политикехь догIуш ма хиллара, Туркойчоьнан Iедалш, шайна тIера бехк дIабаккха гIерта, кема чудаийтарна. Президента ЭрдогIана дIахьедар дина, шай эскархошна, и кема оьрсийн дуйла хууш дацара аьлла. Цуьнах а, чудаийтинчу кеман шолгIа пилот а дийна схьакарора тоьинчу Оьрсийчоьно дIахьедарш дина, шаьш Туркойчоьнца тIом бан лерина яц аьлла.

Амма, хIинцалца, шинна пачхьалкхана Iедалша цхьана кхочуш ян билгаляьккхина, уггаре а лаккхарчу тIегIанера проекташ, сацо мега аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс. Уьш муьлхачу тIегIанера ю а ца аьлла цо. Президентан Путинан стоьла а тIе а йихкина, тIаккха къастора ю боху.

XS
SM
MD
LG