ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркошца тIом бийр бац Оьрсийчоьно


Шайн бомбанаш туху тIеман кема чудаийтина аьлла Туркойчоьнца тIом бан дагахь дац шаьш аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. "Туркойн халкъах лаьцна тхуна хетарг хийца цаделла, тхан хаттарш доьзна ду карарчу хенахь цу пачхьалкхана урхалла дечу нахаца», - аьлла Лавровс Москох хиллачу зорбан конференцехь.

Туркойн авиацино Оьрсийчоьнан кема чудаийтар тера ду леррина кечйинчу акцех, аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро.

Оьрсийчоьнан Су-24 олу тIеман кема чудаийтина туркойн F-16 олучу кемано кху беттан 24-чу дийнахь. Оьрсийчоьнан Iедалан векалша дIахьедарш до шайн тIеман кема Шеман территори тIехула дара бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG