ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш талхо лууш яц Туркойчоь


Оьрсийчоь шайн мехкан доттагI ю аьлла, дIахьедар дина Кхаарин дийнахь Туркойчоьнан премьер-министро Давутоглу Ахьамада. Цо дийцарехь, туркойн Iедалш лууш дац Москохаца йолу юкъаметтигаш галйовлийта.

Оьрсийчоь шайн доттагI а ю, лулахо а ю, шайн мехала экономикан а, йохка-эцаран а, културан а уьйраш ю элира Давутоглус. Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхира, Туркойчоьнан бакъо хилар шен доза лардан а, къоман кхерамазалла ларъян а.

Оьрсийчоьнан тIеман кемано Туркойчоьнан хIаваан доза дохийнера. Цундела иза чудаийтина, иза кхераме ду аьлла, элира туркойн премьер-министро. Туркойчоь десто лууш яц Оьрсийчоьнан кема чудаийтарца иккхина дов аьлла, дIахьедар дина Истанбулехь экономикан конгрессехь вист хуьлуш Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа. Амма шайн пачхьалкхан доза кхин дIа а лардийр ду шаьш бохуш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG