ТIекхочийла долу линкаш

НАТО-но гIортор йина Туркойчоьнна


НАТО-н инарлан секретаро Столтенберг Йенс кхайкхам бина массерга а Туркочоьнан тIеман кемано Оьрсийчоьнан кема чудаийтар бахьана долуш сатухуш хила аьлла. Анкаран а, Москохан а юкъаметтигаш кхин дIаяхьаре ладоьгIуш ву ша, шина а агIоне сатохар а доьхуш элира цо Брюсселехь НАТО-н векалийн хилла кхеташо дIайирзинчул тIаьхьа.

И цхьабнакхетар дIадахьа деза аьлла дехар динарг яра НАТО-н декъашхо йолу Туркойчоь. Столтенберга дийцарехь, НАТО-н декъашхоша хадийна мах цхьаьна богIуш бу Анкарано оьрсийн кемано шайн доза дохийнера аьлла чIагIдочуьнца.

Шаьш тIехIиттина ду Туркойчоьнна, шаьш гIортор йо цунна цуьнан территорин цхьаалла ларйеш, туркойн пачхьалкх шайн бертахо хиларе терра элира Столтенберг Йенса.

XS
SM
MD
LG