ТIекхочийла долу линкаш

Лахьанан беттан 26 дийнахь, Соьлж-ГIала юккъехь беха нах, сатоссучу хенахь, самабехира, йоккхачу гIовгIано. Мила-хIун ду ца кхеташ, дукха а арабевлера хьажа. Дукхачарна гинарг яра, цкъа а ца хиллачу агIора, гIала юккъахь йолу танкаш а, БТРаш а, шортта герзхой а. ТIаккха, нах ца кхетара, уьш муьлша бу. ХIета, герз карахь долуш дуккха а бара.

Дукха хан ца ийшира, боьдуш берг тIом буйла кхета. Теркйистехь туп тоьхна, Дудаеван дуьхьал оппозици ю шаьш бохучу ницкъо, штурм яра еш. Iалашонехь дара, Iедалан мел йолу хьукмат дIа а лаьцна, иза харцо. Цундела, коьрта тIеман тасадаларш хилира, «Президентан шахIар» олучу гIишлонна тIебоьдучу урамашкахь.

Делкъал тIаьхьа, ша дерриг дIаделира. Штурм юьхира. Танкаш а, БТРаш а, нохчашна дика лело хууш доцун дела, царна урхалла дан ховшийнера оьрсийн эпсарш. Церан говзаллах доьзна дара ша дерриг. Дудаеван Iедалан дуьхьал болчу нохчийн, иза ца дезар бен кхин хIумма а дацара бухе диллина.

Сархьо, штурм чекхаяьлча, хIетталца, шай чохь дIалачкъина нах, урамашка арабевлира. Царна гира, ойла а ца еш, кечам а ца беш, йинчу оцу операцийн жамI: иттанаш йохийна техника, байина эскархой а.

«Президентан шахIаран» хьалхарчу майданна йистехь, ах лаьттах чу а бахана, боллура танкан корт. Цхьанахь танк эккхийтича, цу чуьрчу гIирсо, ирах кхоьссина, хаваъехула хьийза а хьийзаш лаьттах кхеттера иза. И эчкан меже яра оппозицех оцу гIишлонна уггаре а герга еънарг. Оцу дийнах лацна шен дагалецамаш буьйцу «Коммерсант» газетан корреспондента Мурадов Мусас.

Мурадов: «Оцу дийнахь, со юьртара гIала юккъе веара. «Президентан шахIар» олучу метте вахара со. Тийналла яра. Тамашийна дара. Танкан меженаш а, байина салтий а бара. Церан меженаш а яра. Кхоьлана, тамашийна де дара иза. Рабочий урамехула со схьавогIуш, нехан керта а , цIа а дохош, йохийна лаьтташ танк дагайогIу суна. «Президентан шахIаран хьалхахь а яра вовшехъевла танкаш. Иза догIу суна дага. Тамашийна, цхьа инзаре хетара суна, хьо цхьа кино хьожуш санна».

Дукха а нах, Соьлж-ГIалара арабевлера оцу дийнахь. Вахлуш верг, яьрташка ханна дIавоьдура. Хиллачуьнна мах хадор, тIаьхьо бен ца хилира церан. Оцу дийнахь, дуьххьара нохчашна хиънера мухIажар бохучу дешан маьIан. Цул тIаьхьа, маситтуза и бала Iовша дезнера церан.

Кино чохь санна атта хира ду, и операци чекхаяьккха аьлла хетачу оппозицийн куьйгалло а, царна урхалла деш хилчу Москохара инарлаша а, делкъа хена дуьйна дIахьедарш дора, «Президентан шахIар» дIалаьцна, Дудаеван Iедал харцийна шаьш бохуш. Амма, сархьо, къаьстира сурт нийса кхечу агIора дуйла. Штурм юхатоьхнера, байина а, дина карабаьхкина а шортта эскархой бара. Шай салтех Оьрсийчоь дIайоьрзуш хиларх, хIинца-м дIадоьлла дуьне, амма, оцу хенахь, иза инзаре хIума дара. Дуьйцу журналиста Мурадов Мусас.

Мурадов: «Кесста, буьззина тIом болалура бу аьлча, даго тIе ца лоцура. Цхьана агIора схьахезаш дара, и салтий шай бац бохуш. ТIаккха, цара иза дуьйцуш хилча, хIорш муьлша бу хIара кIура бинарш, бохуш Iара нах. Ткъа, салтша-м схьадуьйцура ма дарра, шаьш оцу меттера тIеман декъера бу, бохуш. Церан инарлаш уьш тIе ца эцча, церан дай-наной а схьа а бахкийна, цаьрга дIабелира Дудаеван Iедалша».

Опозицийн штурм йирзинчул тIаьхьа, дуккха а нах цIа берза ца хIуттуш, яьрташкахь Iийра. Ветеран хиллачу шен дас, нохчаша вовшех тIом болора, хала ловра бохуш дийцира Соьлжа-гIалара яъархочо Раисова Анжелас.

Раисова: «Тхан да, ша а тIамехь хилла вара. Цо олура, хIара тIом атта боьрзура болуш бац шуна. Муьлхачу агIорара мостагIчуьнна тIеIотталура ву ца хуу тIом бу хIара. Ша тIамехь волчу хенахь, фашист -мостагI доьхьал лаьтташ, амма, хIинца нохчий нохчех леташ ву. Хала бу хIара. Шу дахьа а меттиг яц шен, олура цо. Дала нохчийн нанойн, шай кIентий байначу а, беллачу а, дог хьостийла».

Лахьанан беттан 26 де дIадаьлча, Нохчийчохь хиламаш шен чехкаллийца, цхьаъ вукхунца хийцалора. Стиглахь оьрсийн тIеман хаваъкеманаш дуьйладеллера. Кремло дукха ца Iаш дIакхайкхира, Нохчийчохь къам вовшахлеташ ду, цундела уьш дIасакъасто, эскар чудига деза аьлла. Иштта болабелира хьалхара тIом.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG