ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу оппозицина кхин дIа а гIо дан дагахь ю Туркойчоь


Туркойчоьно чIагIдарехь, церан кемано Оьрсийчоьнан бомбанаш туху СУ-24 кема чудаийтина масийттоза шайн стигалара дIадала аьлла варе динчул тIаьхьа. Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа дIахьедар дина Туркойчоь десто лууш яц Оьрсийчоьнан кема чудаийтарца иккхина дов, амма шайн пачхьалкхан доза кхин дIа а лардийр ду шаьш аьлла.

Еарин дийнахь Анкарахь вист хуьлуш, ЭрдохIана билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнца Шема бахьана долуш цакхетамаш бу шайн, амма шаьш дагахь ду кхин дIа а гIо дан Асадана дуьхьал йолчу оппозицина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG