ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эладиттанчашна жоп делла ЭрдохIана


Туркойн президенто ЭрдохIан Реджепа тIецадитина шаьш «Исламан пачхьалкх» олучу тобанера мехкадаьтта а, газ а оьцуш хилла бохуш шайна дохкуш долу бехкаш. Туркойчоьнан куьйгалхошца Анкарахь цхьаьнакхетар дIахьош ЭрдохIана дIахьедар дира, шаьш шайга далуш дерг дерриг а деш ду, шайн дозанехула мехкадаьтта цадохкийта аьлла.

Шаьш Исламан пачхьалкх олучу тобанера мехкадаьтта оьцуш ду бохучу наха тоьшаллаш дало деза иза иштта хтиларан, иза цара цадахь и нах эладиттанчаш бу элира Туркойчоьнан президенто. Туркошна цу тайпа бехкаш дехкинарг ву Оьрсийчоьнан премьер-министран даржехь волу Медведев Дмитрий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG