ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулбанаш дIахецна Берлинера полицино


Берлинерчу полицино дIахецна кху 26-чу дийнахь Дортмундехь теракт ян кечлуш хилла аьлла шеко йолуш шаьш лаьцна волу бусулба ши стаг. Хууш ду цаьршиннах цхьаъ Тунисера веана хилар, шолагIа Шемара веана хилар. Цхьаьнна 28 шо ду, вукхуьнна ду 46 шо. Цу хеннахь прокуратуро хаам бина, теракт кечйеш хилла аьлла шеко йолуш лаьцна кхин а цхьа стаг хиларх лаьцна. Иза мила ву дуьйцуш дац.

Бусулба ши стаг лаьцнера полицино даханчу Кхаарин дийнахь. Полицехь болчу хаамашца, и шиъ оьккху молха эцна воьдуш хиллера Дортмундехь теракт ян дагахь. Амма иза иштта хиларан тоьшаллаш цакарийна церан мешенна чохь таллам бича. Цуьнга хьажна доцуш, чIагIйинчу рожехь болх беш ю Дортмундера полици. Германин канцлеро Меркел Ангелас бинчу хаамца, оццу рожехь болх беш ю кхин йолу цу пачхьалкхера леррина сервисаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG