ТIекхочийла долу линкаш

ЭрдохIана ша гIайгIане ву боху Оьрсийчоьнан кема чудаийтар бахьана долуш


Ша гIайгIане ву Оьрсийчоьнан бомбанаш туху Су-24 олу кема чудаийтарна аьлла, дIахьедар дина Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа. Иза хилийта лууш дацара шаьш, юха иза цахиларе сатесна ву ша элира цо Шоьтан дийнахь шен агIончашна хьалха вистхуьлуш.

ЭрдохIана юха а критика йира Оьрсийчоьно Шемахь лелочу политикана. Цуьнца цхьаьна цо ша цхьаьнакхета лууш хиларх лаьцна хаийтира Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца Парижехь кху беттан 30-чу дийнахь болх бан йолалуш йолчу климатан проблемаш юьйцучу дуьненаюкъарчу саммитехь.

Хьалхо Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло хьехар динера шайн махкахошна, ца девллач денна бен Оьрсийчу ма гIо аьлла. Цу дIахьедарехь аьлла ду, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш галйовларца доьзна, Туркоьйчоьнан махкахой халонаш хьоьгуш бу Оьрсийчохь аьлла.

XS
SM
MD
LG