ТIекхочийла долу линкаш

Грецица шайн долу доза чIагIдеш ю Македони


Шайн Грецица долчу дозанца керла пен ботта йолаелла Македони. Хаамийн агенталлаш дийцарехь, цуьнан лакхалла ю 2 метр ах метр. И пен буттуш бу мигранташ тIеоьхучу Гевгелия олучу гIалана уллехь йолчу талламан пунктехь.

Македонин Iедалша дIахьедар дина дуьхьалонан пен боттарх доза дIакъовла дагахь дац шаьш аьлла. Цара чIагIдарехь, и дуьхьало оьшуш ю, низам а дохош, мигранташ махка цагIертийта.

"Ассошиэйтед пресс" агенталло дийцарехь, карарчу хенахь Македоница долчу дозанехь Грецин территорина тIехь ву Евробертан территорина тIевита бахьана дац аьлла сацийна волу 800 мигрант.

Цу хеннахь, Шемара а, Иракъера а, ОвхIанистанера а бевдда нах Iедалша, дуьхьало а ца еш, чекхбовлуьйтуш бу цу пунктехь.

XS
SM
MD
LG