ТIекхочийла долу линкаш

82 шо кхаьчна Украинехь мацалла хIоьттина миллионаш адамаш делла


82 шо кхаьчна Украинехь мацалла а хIоьттина миллионаш адамаш делла. Цу бохаманна хьажийна мероприятеш хилла Киевехь а, кхин йолчу а Украинерчу гIаланашкахь а.
Мацаллана белла нах дагалоцуш тезетан мероприятеш хилла дуккха а кху дуьнентIерчу гIаланашкахь. Украинин Iилманан академино бинчу талламца, Украинехь мацалла хIоьттина велла виъ миллион ах миллион сов стаг.
2006-чу шарахь мацалла хIоттийна дамаш дайар украинин халкъана йина геноцид ю аьлла сацам бина Украинин Лаккхарчу Радо.

XS
SM
MD
LG