ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда

***

Ма деха дара и Iа,
БIаьсте цо хIаллак ма йира,
Гуьйре цо Iана ма йира,
Ма деха дара и Iа.

Ма деха дара и Iа,
Хьаькхча шен мохь хезар боцуш,
Орца тIе хьада стаг воцуш,
Дуьненчохь адамаш доцуш.

Ма буьрса дара и Iа,
Цхьа дахарш халбата ховшош,
Хьарамдеш ирс довза лаар,
Дуьненан къайленаш хаар.

Ма деха дара и Iа,
БIаьсте цо хIаллак ма йина,
Гуьйре цо Iана ма йина,
И ша а гIора ма дина...

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG