ТIекхочийла долу линкаш

Аренца болчу нохчийн барт бац, цундела, церан бакъонаш йохайо, аьлла хета юккъаралхочуьнна


Human Rights

Human Rights

Муслимов Iайнди цIе йолчу нохчочуьнна ши шо сов хьалха, Москохахь, лагах урс хаькхнера мила ву ца хуучу стага. Автобус чохь иза воьдучу хенахь, шай гIала тIебаьхкинчу нахана луьйш, маьттаза къамел дечу йоIан цо бехк баьккхина аьлла, тIехьа хиина Iачу оьрсийчо динера иза. Лаг а куьйгаш а хадийна, дийна висира нохчийн и жима стаг.

ХIета дуьйна, цунна тIелатар динарг, карош вац, аьлча а, лохуш а вац полицино. Долийна долу гIуллакх а сацийнера, бехке верг мила ву къаста ца ло аьлла.

Кху деношкахь, Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула векалалло оцу хьокъехь динчу арзан жоп даийтина Москохарчу прокуратуро, и гIуллакх, Талламан комитете дIа а делла, юха луьста долийна аьлла.

Ша и кIант, тахана журналисташца зIене волуш вац. И гIуллакх, дукхачу хьолехь, дита мегар дац аьлла айдина хьийзинарг ву Оьрсийчохь вевзаш волу юккъаралхо Хасиев Нур-Iела. Иза, Нохчийчуьрчу Iедалан Ярославль кIоштера официала векал а ву.

Цо халахетарца билгалдаьккхира, аренца болу нохчий, малбелла, цхьа хала киртиг тIехьоьттича, вовшех гIо ца даралла сов, шайх хIума хьакхаделча а, кхиъ кIоршме ца далийтархьам, къера хуьлу аьлла.

Хасиев: «тIом болчу хенахь, вайна тIеетташ бомбанаш йолчу хенахь, нохчий а, гIалгIай а вовшех ларам а, уьйранаш йолуш бара. Ткъа, тахана, аренца лелаш болу нохчий, цIахь долу хьал дIанисделла аьлла, малбелла. И болх лело беза аьлла, цу тIехь ойла а ца йо.Эцца шайна дуьнена хIума даккхаделчхьана, паргIато хилчхьана Iад Iаш бу. Уьш меттах баха а гIерта тхо. Оха нахалла даьккхича а , ницкъаллийн стурктурашкахь болу нах болуш бу. Уьш цхьаннахь а баха а ца бахна. И цхьа барт вай цанислуш, жимма малделла-кх вай».

Муслимов Iаьндийн а, кхечеран а гIуллакхаш, даиманна тидамехь латтадо Хасиев Нур-Iелас. ХIара болх цо беш болу дуккха а шераш ду. Тахана, Iедална муьтIахь хиларца, масале а билла мегар долчу нохчийн бакъонаш сих-сиха йохош хилар, полицино а, меттигерачу Iедалша а тергоне ца эцаро, моттуьйту, нохчий цхьа а жоьпалла а доцуш, вен а, ваккха а мегар ду аьлла. И харц ойланаш йохош, дукха хан йоцуш хиллачуьнах а дийцира цо.

Хасиев: «Дукха хан йоцуш, тхан гергара а волуш волу Изрипов Мовсар вийна кхузахь. Тхо, иза Iедало, я кхечара вигна бохуш, дара тхо. Исс де даьлча, тхуна карийра цуьнан дакъ. Меттигера полици, лар Нохчийчу йоьдуш ю бохуш Iаш яра. Оха чIогIа лехира иза. Тхуна гучваьллера иза динарг. Оьрсий ву иза. Цуьнан белхан накъост а волуш. Декхар дIа ца далархьам, букъ тIехьа тапча а тоьхна вийнера цо иза. Оха алсамо болх ца бинехьарий, карора а вацара иза. Iаьйндин гIуллакх а, ду аьлла хета суна иштта. Йоккхачу Москохахь стаг лаха атта дац, цундела шай болх дIа ца боьдун дела, и кехаташ а кхьоьхуьйтуш Iаш бу-кх уьш, бакъдерг дезахь».

Ша лекхачу лам тIера чухахкъелла ворд санна, хьера а даьлла дуьне цхьанахь кхача гIертачу хенахь, нохчашна оьшург, коьртачу декъана барт а, цхьаалла а яра аьлла хета юккъаралхочуьнна Хасиев Нур-Iелина. Хила луург а, дерг а, цхьанадогIуш дацахь а, хIетте а сатийсам бу цуьнан.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG