ТIекхочийла долу линкаш

Францин коьртачу шахьарахь Парижехь дIайолаелла Iалам лардаран саммит. 150 герга пачхьалкхан куьйгалхой бу дукхахан йоцуш террорхойн тIелатарш лайначу гIалахь гулбелла. Царна юккъехь ву Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама а, Оьрсийчоьнан куьйгалхо Путин Владимир а. Амма и шиъ вовшашка вистхир ву-вац хIинца а хууш дац.

21-гIа ларалуш ю Парижехь йолаелла Цхьанакхеттачу къаьмнийн юкъараллин лаьттан Iалам лардаран конференци. Лерина чIагIдинчу кхерамазалла ларйаран хьелашкахь дIахьош долу и цхьаьнакхетар Ле-Бурже олучу Францин коьртачу шахьаран уллохь Iуьллучу аэропортехь кечйинчу хIусамашкахь ду.

Дуьненчохь глобала йовхо хIоттарна дуьхьал къийсам латторна лерина йолу саммит шина кIиранна яхлур ю. Цуьнан балхахь дакъалоцуш Цхьаьнатохначу Штатийн президент Обама Баракъ а, Германин канцлер Меркел Ангела а, кхин дIа кегийчу а, яккхийчу а пачхьалкхан куьйгалхой а.

Ву царна юккъехь масех де хьалха Шемина бомбанаш етташ хилла оьрсийн СУ-24 кема чудаийтинчул тIаьхьа вовшашка вистхуьлуш воцу Оьрсийчоьнан президент Путинний, Туркойчоьнан куьйгалхо Эрдоганний.

Шина кIирнах яхлун йолчу саммитан Iалашо ю, Iалам лардарх керла сацам тIеэцийтар, 2020-чу шарахь хан чекхйолучу Киотера протокол олучу бартана метта.

Нагахь санна цу Понерчу Киото гIалахь I997-чу шарахь тIеэцна хиллачу протоколехь кхиина инсдустрия йолчу пачхьалкхашний бен Iалам бехдарца къйисар тIедожош ца хиллехь, хIинцалерчу саммито дуьненан массо а пачхьалкхан декхар дийр ду глобалан йовхонца къийсар а, лаьттан Iалам лардар а.

Цу Iалашонца кхиинчу пачхьалкхаша кхиазчарна а, къечарна а Iалам лардарехь цаьрга кхиаме къахьегийтархьама ахчанца гIодар тIедожон а мегаш ду карарчу саммитехь.

Францехь гулбеллачу 150 герга пачхьалкхан куьйгалхойн кхерамазалла ларйархьама цу мехкан куьйгалло цхьа могIа шога гIулчаш яьхнера.

Царна юккъехь ду йоллучу Францехь кхаа баттана юккъадаьккхина долу лерина хьал а, гIалин юккъехь митингаш я, дуьхьалонан акцеш ян бакъо ехкар а, урамашкахь вуно дукха полисхой хилар а ду. Цу саммитан декъашъошна новкъарло ца хилийта араваьккхитна ву 2800 полисхо.

Бакъду, Парижан деладенера дахар, цигарчу бахархоша дийцарехь, хIумма а цу гIулчаш холчу даьккхина дац.

Транспорт а шен рогIехь лелаш ю, урамашкахь нах а шайн-шайн гIулкхашка, новкъа-нацкъар хIума а доцуш, арабевлла бу, бохуш дийцира Маршо Радионе Парижан вахархочо Дервишев Адама.

Дервишев: „Со Iуьйранна схьавогIуш керланашка ладоьгIна ас, цул совнаха гIалин юккъехь тидамаш бина, цхьа а тайпа хийцам бац кхузахь транспорт леларехь а, урамашкахь нах леларехь а, наха вовшака дечу къамелашкахь а.

Цхьа кхераме хьал я цхьа хийцам хилча, уггаре а хьалха транспортехь гуш хуьлу, я цIерпошташ сацайой, я автобусаш хьелуш я хаамаш беш, цхьа а хIара аьлла хийцам боцуш, даима санна дIадоьдуш ду дахар. Iедалхоша шайн болх бо, ткъа дахар шен рогIехь дIадоьду“.

Цу юкъана саммитан коьрта тема – дуьненан Iалам хIаллакъхуьлуш хилар а, латта дохлуш хилар а йицйеш, хаамийн гIирсийн коьрта тидам кхечу хIуманна тIебирзина бу: Оьрсийчоьнан президент Путин Владимиррий, Туркойчоьнан куьйгалхо Эрдоган Реджеппий саммитан учешкахь вовшашна юхь-дуьхьал кхетарий-те, кхетахь цу шиммо хIун дер-те бохург.

Туркойн стигалларйаран ницкъаша оьрсийн тIеман кема чудаийтинчул тIаьхьа юкъаметтигаш вуно йоьхна ю шина пачхьалкхан.

Парижерчу саммитехь Путине вистхила кийча цахилар довзийтинчу Эрдоганна Путина шен гIоьнчашкахула жоп делла, ша иза ган кийча вац аьлла.

Хууш ма-хиллара, Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира шайн кема чудаийтар бахьана долуш Анкарас бехказлонаш яхко еза аьлла дIахьедар динера.

Амма Туркойчоьнан премьер-министро Давутоглу Ахьмада оршот дийнахь кхин цкъа а аьттехьа а ца дитина, оьрсийн кема шаьш чудаийтарна туркоша Оьрсийчоьно къинтIерадовлар деха деза бохург.

НАТО тIеман альянсан куьйгалхочуьнца Столтенберг Йенсаца цхьаьна ша Брюсселехь еллачу пресс-конференцехь Давутоглус элира, шайн пачхьалкхан стиглара дозанаш лардар туркойн Iедалийн декхар ду, цундела тхоьга бехказдовларш деха бакъо яц цхьанна а пачхьалкхан, аьлла.

Цул совнаха, туркойн урхаллин куьйгалхочуо билгалдаьккхира, и кема чудаийтар санна болу Iоттабаккхамаш тIейогIучу хенахь а хиларан кхерам лаьттар бу, Оьрсийчоьной, Цхьаьнатоьхначу Штаташа куьйгалла дечу коалициной вовшашца цхьа а барт бар а доцуш, Шемахь ша шех "Исламан пачхьалкх" олучу ДаIишана дуьхьал къийсам цхьа-цхьацца дIа мел кхоьхьу бохург.

Хьахон догIу иштта, хьалхо НАТО тIеман альянсо Туркойчоьнан шен стиглара дозанаш лардан бакъо къобалйина хилар а, оьрсийн кема чудаийтарна гуонахьа долчу хьолехь ша Туркойн агIор хилар а дIахаийтинера.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG