ТIекхочийла долу линкаш

Жил-Iаламана орцахбевлла пачхьалкхийн куьйгалхой


Климатах дозу хьелаш дийцаредан 150 веъначу дуьненан лидеро «хьала а гIаьттина дIахьедан деза, массо а адам жоьпаллехь ду жил-Iалам хено-хено хийцалуш хиларна» - аьлла Парижерчу саммитехь Iамеркан Штатийн президента Обама Барака. Лаьтта тIехь лаккхарчу температурин гIоьнца адамаша йоху индустрин прогресс бехкейо Iилманчаша дуьненан климат телхаш латтарна.

И тIехъяккхий йовхонан хьостанаш дIалакъор мехкашна тIехь ду, прогресс шоръеш, церан метта кхин хьостанаш каро еза, бохура саммите баьхкинчу мехкийн хьалханчаша.

XS
SM
MD
LG