ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчуьра нохчийн диаспора реза яц Кадыров Рамзанна


Туркойчуьрчу нохчийн диаспоран лидерша бехкедо даймехкан цIарх Кадыров Рамзана Туркойчоь емалъяр, цо шаьш деха пачхьалкх террорхошкахьа ю алар. КIира хьалха туркойн эскаро шайн стигалахь оьрсийн тIеман кема чудожоро даьккхинчу довна юкъагIерттал хьаькам а вац Кадыров Рамзан, цуьнга хьаьжжина иза вацара туркошна лен, аьлла ду диаспоран дIахьедар.

Халахетарца дийцаредо Туройчуьрчу нохчаша Соьлж-ГIалахь Iедало «Ахьмад» цIейолчу боламера кегийрхой дахначу кIирнанах туркой емалбан Соьлж-ГIаларчу майданашка бахар. Туркойчуьрчу нохчийн цIарх «Синбахамаллин центр «Кавказ-Нохчийчоь» олучу сайта тIехь и дIахьедар даржийна цуьнан куьйгалхочо Демиржи Мурата.

XS
SM
MD
LG