ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шу реза дуй Нохчийчоьнан цIий Iенийна нах базбан?


Нохчийчоь --Шайн беллачу накъосташна шаьш хIоттийначу хIолламна тIехь лаьтта оьрсийн эскархой, Соьлж-ГIала, тIеман шераш.
Нохчийчоь --Шайн беллачу накъосташна шаьш хIоттийначу хIолламна тIехь лаьтта оьрсийн эскархой, Соьлж-ГIала, тIеман шераш.

Политикерчу куьйгалхойн лааме хьожий тохку Оьрсийчохь цIерш гIаланашна, ярташна, урамашна, майданашна. Ткъа и политикаш церан оппоненташа хийцича, юха а хийцало адамийн сийдеш техкина цIерш. Нохчийчохь а ду изза хьал.

Политикерчу куьйгалхойн лааме хьожий тохку Оьрсийчохь цIерш гIаланашна, ярташна, урамашна, майданашна. Ткъа и политикаш церан оппоненташа хийцича, юха а хийцало адамийн сийдеш техкина цIерш.

Нохчийчохь а ду изза хьал. Тахана Соьлж-ГIалахь а, ярташкахь а ду урамаш, майданаш, хIолламаш ши бIе шо хьалха хьовха, ткъа шо хьалха а махка тIамца баьхкина хиллачу оьрсийн эскархойн.

Ду и эскархой цIий Iено хьежийначу хьаькамийн урамаш а, майданаш а.

Цуьнца дузу Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, хила езий Нохчийчохь Путинан Владимиран, я Псковерчу десантникийн цIарх майданаш, урамаш.

Мел нийса ю тахана урамаша, майданаша лелаен цIерш? Мел догIуш хIиттийна махкахь цхьацца адамашна лерина долу хIолламаш?

ХIоттийначу хаттарна жоп дала луучарна - тхайн телефонаш.

Прагица зIене волуш: + 4 20 72 40 1 8 32

Горгали баийтинчул тIаьхьа, охьайилла а тарло телефон, тхаьш девр ду тхо дуьхьал зΙене.

СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 92 6 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 4 20 72 40 19 8 32

Шайна хетачух лаций язде тхан сайте а: radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG