ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижера саммит: Iаламна - дешнаш, политиканна - терго


Парижехь Iаламлардаран саммитехь коьрта интрига хилира Оьрсийчоьнан, Туркойчоьнан куьйгалхойн юкъаметтигаш а, ткъа иштта Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Обама Баракан цу шина лидерца цхьаьнакхетар а.

ТIаьхьарчу иттех дийнахь вовшийн агIор кIоршаме хаамаш хьежош йолчу Оьрсийчоьнан, Туркойчоьнан куьйгалхоша, хетарехь, кIеззиг ойла ечух тера дара дела денна дохлуш лаьттачу Iаламан а, Арктикехь дешачу даималерчу шаннийн а, хIурдашкахь и бахьана долуш лакхадуьйлучу хин а, Бразилехь кхиина индустрия йолчу таронечу пачхьалкхашкарчу яккхийчу концернаш хьоькхуш, хIаллакйечу хьаннийн а, и бахьана долуш Iер-дахаран хьелаш телхаш, лечу акхарой а, адамийн а.

Церан йоллу терго а, - иштта мотталора агIонгара Путин Владимиран, Эрдоган Реджепан тидам бечеран, - вовшашна тIе ца Iоттаваларна, саммитан учешкахь вовшах ца кхетарна хьажийначух тера дара. Церан хилла а ца Iаш, и саммит вовшахтоьхначеран а, шина президентан гуонийн а.

И Iалашо – Эрдоганий, Путиний ларамаза дуьхь-дуьхьал ца кхетийтар- кхиамца кхочуш а хилира. Iалам лардарехь къахьегарий, дуьне дохдалар сацорий, мел кIезга а оршотехь, гена тIаьхьа а дуьсуш.

Нагахь санна Путиний, Эрдоганий Парижерчу Iалам лардаран конференцин хьалхарчу дийнахь, бIеннаш журналисташ шайн терго еш а болуш, вовшех къехкаш хиллехь, и ший а, хьалхий-тIаьхьий тIеийцира Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Баракъа, дов даьлла, ул-уллохь ца тарлуш волу ши дешархо ишколан директоро цхьа-цхьацца шен кабинетехь тIеоьцуш ма-хиллара.

„Путин Владимиран, Обама Баракъан дIакъевлинчу неIаршна тIехьахь хилла цхьаьнакхетар, мел кIезга а, эха сохьтехь дахделира“, - бохуш, бераша санна баккхийбеш, дозаллийца хаамаш бора оьрсийн хаамийн гIирсаша, цул хьалха а, тIаьхьа а къайлацахьочу сонталлийца „Оьрсийчоьнан президент дагахь вац Эрдоганаца Парижехь цхьаьнакхета“ боху хаамаш баржийначу.

Бакъду, цхьаццаболчу тергамхошна хетарехь, Обама Баракъаца цхьаьнакхета гIертачул Оьрсийчоьнан президент шен Iоттабаккхам баьллачу Туркойчоьнан куьйгалхочуьнца Эрдоган Реджепаца вистхиллехь пайдехьа а, политикан агIор а говзох а хила тарлора.

Иштта хетачех ву Венерчу Малхбалин Европин институтан Iилман белхахо волу политолог Чапханов Руслан а. Цунна хетарехь, Эрдоган шен мохк Iуьллучу регионехь вуно нуьцкъала а, лераме а куьйгалхо ву, ткъа цуо шега кховдийна куьг ца вашарца дIа а теттина, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентаца цхьаьнакхетар харжаро Путинан гIорасизалла а, цунна хьехарш дечу цуьнан гуонан политикан хьежамаш готта хилар а гойту.

Чапханов Руслан: „Оьрсийчоьнан политика вуно тамашийна ю, атта стаг тIаьхьа а кхуьур воцуш. Шаьш цхьа хьоладай болуш санна къамелаш до Кремлерчу наха, амма цхьа хIума галдолушехь хьовдий Обама Баракъе иза дийца боьлху. Соьга хаьттича, Путинс шен Туркойчоьнца хIоттаделла хьал Эрдоганца дийцича пайдехьа хир дара. Ткъа цо лелош дерг Обама Эрдоганан да я цуьнан куьйгалхо волуш санна хIума ду“.

Шен рогIехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Баракъа шинари дийнахь Парижехь журналисташка вистхуьлуш кхин цкъа а билгалдаьккхира, Туркойчоьнан шен дозанаш лардан а, ша ларйала а бакъо хилар. „Цхьаьнатоьхначу Штаташа къобалйо Туркочоьнан ша а, шен стиглара дозанаш а лардан йолу бакъо“, - элира цуо.

Цуьнца цхьаьна Обамас хьахийра, ша шен Туркойчуьрчу коллегица дIадаьхьначу дагадовларшкахь Оьрсийчоьнан, туркойн мехкан шаьшна юккъехь иккхинчу чолхечу хьолана деэскаляци ярехь хIун тайпа дипломатийн гIулчаш яха мегар дара бохург дийцаре дира аьлла. „Вайн массеран а юкъара мостагI ву - ДаIиш тоба.

Цу тIехь вайга вешан къинхьегам эвсаре баккхийта лаьа суна. Суна теша лаьа, вай цу къийсамна вешан боллу тидам а, ницкъ хьажош хиларх“, - элира цуо. Иштта Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента билгалдаьккхира, шен пачхьалкхе Туркойчоьнца тIеман хеттаршкахь цхьаьнаболхбар алсамбаккха лууш хилар а, Анкара Вашингтонан мехала партнер хилар а.

Цу юкъана цхьа а тоьшалла дац цкъачунна, Туркойчоьнан, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш кесталгIа толур ю бохучунна. Мелхо а, де дийне мел долу марсабовлуш ду Москохано Анкара дуьхьал тоьттуш болу бехкаш.

Иштта, масала, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хIинцачул ши-кхо кIира хьалха шен урхалло доттагIаллин тоьшаллашца лийрина хилла Туркойчоь ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиша тобанца йохк-эцаран а, кхин йолу а уьйраш кхобуш ю элира.

Цул совнаха, цуо, ма-дарра аьлча, Анкара бехке йира, ДаIишо доладечу меттгашкара Туркойчу дохка кхоьхьуш долу мехкадаьтта лардархьама чудаийтина ду цуо оьрсийн кема бохучунна.

"Тхоьга хIинца кхин а керла хаамаш кхаьчна, цара тIечIагдо, ДаIишо а, кхечу террорхойн тобанаша а мехкадаьтта доккхучу меттигкашкара мехкадаьтта инзаре баккхийчу барамашкахь, халхеташ делахь а, туркойн территори тIе дIакхоьхьуш хилар“, - элира Оьрсийчоьнан президенто журналисташка. Ткъа цуьнан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс, кхин а гена волуш элира, ДаIишца мехкадаьтта дохка-эцаран бизнесан декъа верг Эрдоганан кIант ву, аьлла.

Цу бехкашна комментари еш шинари дийнахь Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа дIахьедар дира, нагахь санна шен пачхьалкхе ДаIишера мехкадаьтта оьцуш хиларан тоьшаллаш дахкадахь, ша шен ражера дIавер ву, аьлла. „Террорхошкара мехкадаьтта эццал сийдайна дац тхо. Шайгахь цхьа а тайпа тоьшаллаш делахь а, уьш схьадахкон деза“, - элира цуо Парижехь.

Бакъду, Оьрсийчоь и тайпа тоьшаллаш дахкон дагахь ца хилар хIинцале а хаийтина цу пачхьалкхан президентан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс,

XS
SM
MD
LG