ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина президентан барт бан гIерта Обама


КIира хьалха оьрсийн кема дохоро талхийна юкъаметтигаш меттахIитторе кхайкхина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а президенташ. Климат тояр дуьйцучу мехкийн лидерийн саммитехь Парижехь и кхайкхам бира Обамас. «Туркойн шайн стигал ларъян бакъо ю, оцу тIехь Штаташ цуьнца ю, делахь а «Исламан Пачхьалкх» олу тоба юкъара мостагI ву, цунна дуьхьалбаьккхина хила беза берриг а ницкъ, аьлла Обама Барака.

Туркоша даржийна, Лахьан-беттан 24-чу дийнахь шайн А-16 кемано оьрсийн СУ-24 чудожадале, цуьнан пилоташка иттаза дехна Туркочоьнан стигал йитар, аьлла. Ткъа Кремло чIагIдо, шен кема Шемин стигалахь а долуш чудаийтина бохуш.

Путина бехкбоккхуш аьлла туркошка, цара кема чудожийна, цо Шемарчу жихIадхошкара Туркойчоьнна нелегалехь мехкдаьтта эца новкъарлоеш хиларна, аьлла. Жоп луш, туркойн президента Эрдогана аьлла, ша шегара дарж дуьту, хьал теллича, ша харц луьйш нислахь, аьлла. Иштта Путин а кхайкхина, нагахь санна иза харцлер гучудаьлла меттиг ягIахь, шегара дарж охьадилларе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG