ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къаьмнийн шатайпаналла кавказхоша шаьш лаха еза, Оьрсийчоьне а ца хьоьжуш


Философийн низамашца, къоман шатайпаналла, оьрсийн маттахь «национальная идентичность» олуш йолу, даиманна цхьана меттехь лаьтташ яц. Иза, хIора заманан киртигаца хийцало. ХIинца а, Оьрсийчоь- цивила пачхьалкх лоруш ю, дин тIаьхьарчу меттехь а лаьтташ. Амма, кху итт сов шарахь, и гIуллакх хийцалуш ду. Масала, Оьрсийчоьнан керстан килсано, Iаткъам а бина «Делан дош» а юккъедаккхийтина ишколашкахь, иштта, эскаршкахь а, дарж кхоьллина полкан мозгIар олуш долу.

Оьрсийн националистийн идеолог волчу философа Дугин Александра шен цхьана студенташца хиллачу цхьанакхетарехь дийцира, Нохчийчохь хиллачу цхьана хIуманех, шега иза, федерала кхерамазаллийн сервисан инарла дийцина аьлла:

ДIалаьцначу цхьана нохчийн тIемалочуьнна чIогIа йиттина хилла, меженаш а кегъеш. Амма, цуьнан бIаьргаш чохь кхерам ца гира шена, аьлла инарлас.- Хьо хIинца оха вуьйра волуш ву, шега аьлча, цо, инарлийн этках цергаш йоьхкина хилла, дуьхьало ян кхин гIора а доцуш.

-Аш беш болу тIом, клубашна а, маларна а, маьттаза леларна а дуьхь беш бу, ткъа оха беш берг, уггаре а лекхачу мехаллан-Делан дуьхь беш бу,- аьлла жоп делла хилла тIемалочо.

Цуьнах цецваьллачу инарлас, шега элира бохура Дугинс, «Оьрсийчоь кIелхьара дино бен йоккхура яц» аьлла. Цул тIаьхь, низамашца догIуш доццушехь, полкехь мозгIар а валийна, цуьнга къобал байта болийна цо тIаме бала боьлхуш болу салтий.

Тахана а лехамаш дIабоьлхуш бу, пачхьалкхехь мел долу къаьмнаш цхьанатоха лууш. И болх, ма кхеррара хала бу аьлла ца хета Нохчийчуьра гуманитаран талламийн центран куьйгалхочуьнна Эльсункаев Надирсолтан. Пайда хира болчу агIора иза бичхьана. Ца бахь, пачхьалкхан боккха кхерам а хира бу цуьнах, элира цо

Эльсункаев: «Пачхьалкх вовшахтухуш хилча, къаьмнаш ду вовшахтоха дезаш. Уьш вовша ца тохахь а, церан синмехаллаш вовшех таръялийтар ду, мехала. Цунна жоп ду лаха дезаш дерг. Дерриге а къаьмнаш, оьрсийн къомаций, цуьнан синмехалшций, «православие» олучу ортодоксанций нисдала деза бохург харц хIума ду. Иза пачхьалкхан чIогIа зене хIума а ду».

Кавказера а, кхечанхьара а къаьмнаш а, церан динца а, ламасташца а, хIоьттина хила еза пачхьалкх, аьлла хета политологан Эльсункаев Надирсолтан. И хIума боьххье даьккхина ца хилахь, кху пачхьалкхаца бала болуш бац Iедалхой, аьлла билгалдаьккхира цо.

Эльсункаев: «Цигахь хила езаш ерг кхи принцип ю. «Ортодоксан» дуьхьала бохуш хIума а дац сан иза. Я иза вахьтаIош хIума а дац иза. ХIора къоманна шен некъ бу Дала белла. Цуьнца уьш схьадогIуш а ду. Шай культура ларъеш а ю, мотт а бу ларбеш. Оьрсийчоь федеративан пачхаьлкх ю. Суна нийса ца хета, кху Кавказе схьа а богIий, вайга , вай муха хила деза бохуш деш долу къамелаш. Вайна ваьшна хаа вай муха хила деза. Шаьш дан дезарг, цара шаьш дичхьана, вай Кавказех царна цхьа а бала хилла бац. Вай маьрша даха дитчхьана, вай маьрша, пачхьалкхехь даьхна ду».

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира даиманна кхайкхадеш ду, Оьрсийчоь-цивила пачхьалкх ю, мел долу дин цхьана тIеганехь а долуш олий. Амма, 2002 шарахь, цуьнан и дIахьедар харцдира, хIинца митрополит волчу Кирила. Цо аьллера, Оьрсийчоь-ортодоксан, оьрсийн маттахь православие олучу динан а, кхечу къаьмнийн мехалшна тIехь лаьтта пачхьалкх ю аьлла. И хIума питане а, зуламе а лору гуманитаран талламийн центран куьйгалхочо Эльсункаев Надирсолта.

Эльсункаев: «Цо деш дерг питане къамел ду. Хьо хила лууш валахь, керста хилахь, лууш вуй бусулба хила? Хилахь! Католик хила лууш вуй? Хилахь! Иза, шен гIуллакх ду, шен бала а бу. Суна, нохчийн къома бала кхуллуш цхьа а хIума ца го суна. Конституцино вайна тахана тIедуьллург вай дичхьана, вай кхин политикан лехамаш бан, суна кхин цхьа а хIума ца го-кх суна».

Маршо Радио: «Ткъа, цо (Конституцино) болх беш ца хилча?

Эльсункаев: «Иза кхин хаттар ду. Iедале оцу Конституци тIехь болх байта безаш хилар-къамел дац цу тIехь».

Къаьмнийн шатайпаналла мелхо а хьаста а хьостуш ца хилча, пачхьаклхера бахархой, шайна хетарг ала а ца хIуттуш, я ала а ца гIерташ хуьлу. Урданехь бехачу нохчашка, цIера цига хьошалгIа ваханчу цхьаммо хаьттинера: «Цкъа а Даймахкахь хилла а боцучу шуна, ма дика хууш бу ненан мотт а, вай къоман шира гIиллакхаш а. Уьш муха латтаделла шуьгахь, и къайле йовзийтиша, цIахь а дийра ма дара оха иза»,- аьлла.

-Iедалах доьзна ду иза! Шуьгара-цIахь бехачу нохчашкара, дайн гIиллакхаш дIадаха гIиртина даиманна, ткъа, тхоьга кхузахь, мелхо а, тхайн къоман шатайпаналла ларъейтина Урданерачу Iедалша,- аьлла жоп деллера цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG