ТIекхочийла долу линкаш

Бисултанов Апти

Бералле

Ков тоьхна веа со, хан йоцчу хенахь хьо гIаттош,
Мохь тоьхна веа со, хьан шерийн тийналла Iадош.
Утармех дIатесна Iаспар - сан къена сингаттам,
Хьан уьйтIа вели со, йохалла Iожалла хадош.

Гой хьуна, къу ву-кх со, хIара ду-кх ас дина къола,
Айкхалла диллина ахь лехнарг хIара ду-кх хьуна.
Къена къанваллалца, дуьненах, эхартах волуш,
Къера къарваллалца идийнарг хIара ду-кх хьуна.

Гой хьуна сан бIаьргаш - уьш эхьан мархано баьхна,
Гой хьуна сан куьйгаш -доIанаш дицделла царна,
хьох ваьлчахьана
Со лаьхьанал лурвоьлла ваьхна
Сибат а дайна сан сийлахьчу некъашна варна.

Ца ваьлла ког боккхуш, боьшана хьозано санна,
Ца ваьлла дош олуш, со къаьхьа замане хьийжи.
Ца ваьлла вижича, дуьне гуш маьлха каш санна,
Халбатахь мелIунан бIаьрхишца санна со тийжи.

Берд текхна хьехачохь аьзнашка ладоьгIуш санна,
Генара ларйи ас хIора а дуьненан Iуьйре.
Набахтен наьIарехь серлонна сакх тутмакх санна,
Экама хьийжи со хIора а адамийн уьйре.

Тоьшалла гулйина сайн денойн, буьйсанийн тоба,
Айкх йина мукIарло ца деза сайн деган аьрго,
Хьан кхеле деа ас эзарза дохийна тоба,
Хьан кхеле еа ас сайх эзарза кхаьрдина мIаьрго.

Гой хьуна сан дешнаш, хьан бIаьргийн серлонах хебаш,
Гой хьуна Iалашо, сан даг тIехь тIулг хилла Iуьллу.
Боданех дIайоьлла, сан деган кIоргенехь теба,
Лурйоьлла ойла а хIинца ас хьан кхеле юьллу.

Гой хьуна къу ву-кх со, хан йоцуш-м ду хIара хIинца,
Дела бен теш воцуш-м ю хIара вайн шира тховса.
Цкъа мацахлерачу вайн ирсах диссина цинцаш,
Хьан синтем, хьан тешам ас юхаберзабо тховса...

1994

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG