ТIекхочийла долу линкаш

Беляева Бирлант. ДогIа


Бишкекехь догIа догIу, стигалкъекъа-беттан10 May 2016

Бишкекехь догIа догIу, стигалкъекъа-беттан10 May 2016

Беляева Бирлант

ДогIа

ЦIаьххьана кхохкаели стигал...
Мархин кирхьа духьал тесна шена
Тийналла къехкош догIа чIерки...
Iарша ятIош, стелахаьштиг туьйхи...
Чухьовда кийчча, дазделла лаьтта
Мархийн тIалбанех тасаделла кхозу догIан серий ...
Хьалхарчу тIадмаша некъаца айи чан...
Ченаца ий тIуьначу бецан хьожа...
Карзахдели Iалам...
Махо гола тоьхна, шуьйрра дилли кор…
Синтем байна тхевнeх хьекхало баьллийн генаш...
ЦIена хIаваъ…
СЕМА СА...
Сино гIаттий ДегI...
Жимчу куьйго йилли неI...
НеIарехь - сийна кIархаш...
КIархаш ца оьшу... Хьоду когаш Iуьйра…
Маса-Маса...
-Хьо...Стенга йоьду хьо?- реза йоцуш, тIаьхьа кхойкху Баба.
– ХIинцца схьайогIу… кхузахь… кхузахь...
Кхузахь хаза ма ду...
ДогIа... ДогIа...
ДогIан хелхар...сан хелхар...
ДогIанца хелха юьйлу со...
-ДогIа! ДогIа...
-Къорша-къули!
Латта Iадийна хьан сихалло
БIаьрг буьзна хьан хазалло
...ДогIу догIа
Сиха-Сиха...
...ДогIу догIа
Мела-мела...
Iаьмнаш… Iаьмнаш…
Iаьмнаш чохь - лоппагаш,
Лоппагаш –догIан тIадамийн дегнаш...
Берзина когаш
ТIеда бедарш
Кхиссало дог
Хьийза бIагор
Хьийза со...
Соьца хьийза дуьне…
ДогIа... ДогIа...
Чехка-чехка
ДогIа...ДогIа...
ГIийла-ГIийла
... ДогIа… ДогIа...
...
ДIатий Iалам, серлабели арц…
Iаьнарца гIуьтту лаьттара тов...
...СтелаIад...И лаца айделла куьйгаш…
-Ва дуьне... Хьо ма хаза ду... Тамашена хаза...
Синтеме – мерза...
...ЙогIу суьйре...
ГIелделла техка диттийн баххьаш,
Хебина лаьтта юьйцина керт,
Хьаьдда богIу бода, чета теIош кIайн кир тоьхна цIенош,
Ткъа цIеноша, айкхдуьйлуш, летадо шайн корийн чиркхаш...
...
- И гинарг гIан дара?.. Я туьйра?
...Ва-а ,елла яла со, дакъаза ма яларг...
ГIан санна, ма даьржи
сан дахар паналлехь
ЦIет дина даьхьи и
Беъначу балано...
Ас мичахь лаха и?
Ас хьаьнга хатта и?
Мичара мича со
кхаччалца кхойкхуш...
...Мичахь ю сан Iуьйре?
Мичахь ю сан суьйре?
Мичахь ду бераллин
Сан хаза дуьне?
Сан жима дуьне...
Сан юрт
Сан жималла
Сан лазам
Сан догIа…
...Мичахь ю со?
Мичара кхойкху соь:
Син мерза ойла?
со юха йоьху ойла
со кхача хьаьгна мохк
со генаяьлла латта
со лелла урамаш
ас тесна битина бинжолаг
со техкийна ага
сан бешахь гIийла техка кхор...
сан Маьрша Нохчийчоь - бIаьргашчохь тартуьссу гIайгIа…

Беляева Бирлант - Парижан яхархо, кхузаманахьлера нохчийн байтанча, прозаик.

XS
SM
MD
LG