ТIекхочийла долу линкаш

Гадаев Мохьмад-Салахь

Дарта

Ламанан дарта ю, хьегIарехь тийна,
Шерачу аренгахь охьахиъна гуш.
Когаш тIехь лаьтташ ю, тIемаш гIортийна,
Лаьтта дегI дожадар деза ца луш.

Мархаш кIел хьийзаш, цо зама текхнера,
Турпалчу тIемашца хедадеш хIо.
Сирлачу шовданийх дай а бекхнера,
Мокхазар бердаша биллина го.

Амма уьш генахь ду хIинца-ма цунна,
Гонаха зил банза аренаш ю.
Iазапо хьешна дегI доьжна Iачунна,
Iаьршашка хьаьжна бIаьрг эрна ма бу.

Жималла! дагна гена мел ели,
Йицлой ткъа? ХIинца а йиц ма ца ло.
Сирла ю. Тохало и йоьжна ериг,
Лаьтта тIам гIортабой, айъа а ло.

Генахь ду лаьмнаш а, ялалац стигла,
ХIинццалц дайн идда дегI даш хилла ду.
Эшначу тIемаша айъа ца тигна,
Мархаш кIел хьийзинарг йоьжна ма ю

Мохьмад-Салахь Гадаев вина ГIуран-беттан 6-чу дийнахь, 1909-чу шарахь. 1928-чу шарахь иза Ростовехь рабфаке деша дIехIутту. 1930 шерашкахь иза Нохчийчохь историн а, меттан а, литературин а Iилман-талламан институтехь болхбан волало иза. Лермонтовн а, Толстойн а, Пушкинан а, Некрасовн а, Шевченкон а дийцарш нохчийн матта гочдо. Цу хенахь цуьнан ши киншка арайолу “Ши стаг”, “Буьйсанан дошло”, “Нус”, “Гуьржи”, “Акхалла”, “Хазман”, “Накъостий”, кхиерш а.

1942-чу шарахь иза антисоветан агитаци лелорна а, национал-троцкистийн тобанан декъашхо хиларна а бехке а вой, пхийтта шарана набахти чувуллу. 1957-чу шарахь иза набахти чуьра араволу. 1957-чу шарахь иза Iедало юха а лоцу, нохчийн къам сийсаздина, яздорхо вийна, аьлла, бехке а во. Амма тоьпаш тоха дина таIзар хуьйцу, цуьнан метта 25 шо набахти чохь даккха хан туху цунна.

1972-чу шарахь набахти чуьра ара а волий, Даймахка юхавогIу иза. Араваьлча, псевдонимах пайда а оьцуш, цо дийцарийн гуламаш язбо. 1972-чу шеран ГIуран-баттахь Мохьмад-Салахь кхелха.

XS
SM
MD
LG