ТIекхочийла долу линкаш

Интернет чухула лехна безам бале баьлла Караулова Варварина


Москохара пачхьалкхан университетан студент йолчу Караулова Варварех, дуьххьара кху аьхка дийца долийнера. 19 шо долу и йоI, ейна, лохуш яра гергарчаьра, амма, тIаьхьо къаьстира- иза Шемахь тIом беш ву бохучу, шена цкъа а гина воцучу стаге, маре яха новкъа яьлла хилар. Туркойн мехкан а, Шемин а дозанехь схьалецира иза цига боьлхучеран тобанца. Цигара иза цIа ялийра тIаьхьа ваханчу дас.

Кхин гIараяла ца лууш Караулова Варварас шен цIе хийцинера. Иванова Александра ю иза керлачу документашца. Амма, официала болчу хаамашца, шай Iуналле лаьцначу леринчу сервисашна тусаделла, цо оцу тIемалошца йолу уьйранашца сацийна ца хилар. Оцу бахьаехь иза дIабаьллачу баттахь кхелан сацамца талламан изолятор чуйоьллина ю. Иштта, цуьнгахь карийна пачхьалкхан дозаналла аравала бакъо луш долу паспорт а.

Маршо радионо Варварийн деца Караулов Павелца къамел дира, оцу йоIан дахарехь хиллачу хийцамех а, иза дIалацаран бахьанех а. Варвара, спортехь а, дешарехь кхиамаш а болуш хилла йолу, цIеххьана кхин меттанаш а дитина, Iаьрбойн мотт кIоргера Iамо хIоьттича, шеко ца кхоллаелира хьан, аьлла дуьххьара шега деллачу хаттарна иштта жоп делира цо.

Караулов: «Ас айса а, сайн дахаран доккха дакъа доьшуш дайина. Иза дика хета суна. Цо мотт Iамор, ас мелхо а, къобал дора. Дуьненахь болу хийцамаш тидаме эцча, со дуьхьал вацара Iаьрбойн мотт Iамош цо хилча, цуьнгахула, дикка кхетара бу оцу мехкашкахь беха нах а, церан культура а, аьлла»

Шен йоI, деша арайолуш, цхьанна а тайпа, кхечу шен нийсархойх духарца къаьсташ билгалонаш яцара боху цуьнан дас Караулов Павела. Цундела,иза чIогIа цецваьлла хилла, чуьра цхьанахь йоьдуш, цо бусулба динехь ма боххура къовла а елла, бедарш лелош хиллийла гучудаьлча.

Караулова Варвара, дукхачу эксперташа, бахарехь, чIогIа дикачу говзанчаша, корт хьовзийна, ша лелочуьнна кхоччуш мах хадабан ойла ян ца хIуттучу хьоле яьккхина хилла. Цуьнан дас Караулов Павела бахарехь, иштта ца хилча, цкъа а гина а, хезна а воцу стаг везавала йиша яц.

Караулов: «МогIарера анализ йича а, къаьста цу юккъехь тайп-тайпана нах хиллийла. Говзанчашна иза гучудаккха а хала дац. Безамо яхийнера иза. Оцу хIумано, ша лелош дерриг хIун ду къаста ца дойтура цуьнга. Къеггина хIуманаш ду уьш. Дешна а, ойла ечу стагана, хала хира дацара цуьнах кхета».

Туркойчохь схьа а лаьцна, цIаялийна йолу Караулова Варвара, цIахь, къайлахьчу сервисаца болх бан реза хиллера. ТIемалойн могIанашка керла декъашхой муха кхойкхуш бу а, и некъаш гучудаха а, даггара лууш хилла йоIана а, дена а.

Караулов Павелна ца хета шен йоI, юха а Шема яха лууш хилла аьлла. Цига нах оьхуш болу некъаш цуьнгахула кхин къаста ца делча, къайлахь сервисехь берш, дарбелла хила мега, аьлла билгалдаьккхира цо.

Караулов: «ТIаьхьарчу цхьана баттахь эха баттахь, Варвара цхьаннахь ара а ца йолуш, къайлахчу сервисан белхахошна оьшучу агIора цхьанца а зIене йолуш ца хиларо, оьгIазло кхоьллина а хила мега церан. Шозза дахна тхо Лефортоверачу изоляторе. Цхьанна тIе а ца кхачийтина. ГIадужу беттан 27 дийнахь дуьйна, адвокаташ цунна тIебохуьйтуш бац».

Шен йоIан хийцаелла йолу дог-ойла а, дуьнене хьежам а нисбан, дуккха а болх бан беза аьлла хета цуьнан дена Караулов Павелан. Оцу тIегIанехь шена накъосталла а доьху цо, амма, тахана санна, цо ша ма аллара «галваьллачу стаган коьртах жIов еттарх» хIума хийцалахь тамаш бу.

XS
SM
MD
LG