ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанехь ирахъоьллина 4 тIалиб


Шинарийдийнан Iуьйранна Пакистанехь ирахъоьллина шо хьалха Пешавар гIалахь 150 дешархо а вуьйш, школина тIелетта 4 тIалиб. ХIетахь бераш дайича, Пакистано жигара баьккхира ша экстремизмаца латтабен къийсам. 6 шарахь сацийна латтийна зуламхо верах долу низам юхадалийра Iедало.

Гезгамашин-баттахь йира кхел Пешаварерчу 4 тIалибна тIехь, ткъа хIинца Когат гIаларчу набахтехь кхочушбина кхелан сацам.

Iедалан хаамашца, вийна 4 тIалиб «Тогидвал жихIад» тобанера хилла. Школехь дайинчу берийн гергарчара резаболуш тIеэцна зуламхойшна иштта луьра бекхамбар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG