ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь лелхийтарш дарна бехкениш лецна Францехь, Белгехь


Францехь, Белгехь лерина операцеш дIаяьхьначул тIаьхьа 4 стаг лаьцна. Уьш бехке лору Парижехь цхьа 130б стаг а вуьйш, динчу терроран тохаршна. Лецначийн цIераш цкъачунна Iорайохуш яц.

Хьалхо Францехь, Белгехь, Германехь 20 стаг лаьцна зуламна бехкевеш. Талораш диначийн декъахь хиллачу 10-ннах цхьаболучара шаьш-шайн лелхийтина, вуьйш Францин полисхоша байина.

Парижерчу лелхийтаршкахь вийначу 130 стагах францхо ву шовзткъе итт стаг, бисинарш кхечу I7 пачхьалкхан бахархой бу. Парижера зуламаш шайна тIеийцира “Исламан Пачхьалкх” олучу тобано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG