ТIекхочийла долу линкаш

Алапаш, пенсеш, доьзалшкара таронаш цхьана меттехь а юьсуш, лакхадуьйлучу мехаша сагатдойту Оьрсийчоьнан бахархошка, беррашка а санна. Нохчийчохь а ду изза хьал. Кху деношкахь юха а лакхабийла боьлла мехаш. Масала, жижиг дазделла 3-4 туьманна

Бахархоша шаьш даре а деш, бIаьстенан юьххьехь йочанаш яьхкича жIаьлийн нускалш санна, ирхъоьхуш ду Нохчийчохь хьовх, цунна гонахарчу кIошташкахь а кхачанан сурсатийн мехаш.

Къаьсттина халонга долуш ду бахархошна массо тайпа жижиг даздалар. Шеран юьххьехь 22-23 туьманах хилла жижиг 27-28 туьмане хьаладахна,ткъа цхьаццайолчу кIошташкахь кхаа бIе соьме а кхаьчна.

Оццу мехехь ду говран жижиг а, кхин а 2-3 туьма деза ду уьстагIниг. Масех бутт хьалха тIехьаьжжа 250 соьма меха хилла котам тахана 350 соьмах ю. Кхин а еза ю цIахь кхиийна котамаш а, москалшша-м хьала а,охьа а еза ма юй.

Мехаш тIебеттабалар ишта дIадодахь, дукха нах кхана-лама жижиг эца таро а йоцуш вуьсур ву-кх.

Стенна аьлча алапаш а, пенсеш а Iедал тIетоха дагахь а дац,ткъа мехаш десташ ду. Мах тIе ца кхеташ йисна цхьа хIума яц, ша къинош дацахь.

Маццалц хьийзор бу те нах? Бахархошка юург а, мерг а йитийта гIерта те хIара Iедал?.

Герггарчу барамехь ишта къамелаш хазадо махкахоша кхачанан сурсаташ хьахаделча.

Цхьаболчу туьканан долахоша чIагIдарца, кIезиг дац 25-30% дазделла товараш. Бахархоша гуттар лазаме тIеоьцург ду ца эцча ца йовлучу хIумнашна, даьттана, шекарна, чайна мехаш лакхадийлар.

Шена зеделлачух дуьйцуш ю туька йохкархо Соьлжа гIалара Саидова Меи.

Меи: «Маьлхан даьтта «Злато» схьаоьцур вай. Цунна тIекхеттарг 20 сом гергга ду. Хьалха оха 59 сом луш дохьуш дара литр даьтта,ткъа хIинца 75 сом доцуш ца ло. Котам 245 схьайохьуш ю 28 туьманах юхкуш ю. Помидор ,наьрс,кхиерг- дерриге Турцера товар даздина.20-30 % тIе-м кхетта».

Жижиг дохкарх болх-некъ а бина, хаспаш дойуш лелачара ечу къароца лулу-кулахь йолчу кIошташкахьчул мелла а дорах ду Нохчийчохь жижиг.

Цунна къаро йо, шайн хьашт-дезарш луьстуш, Теркаца Iохкучу Новр а, Теркйист а кIошташка кховчучу ХIирийн а, Ставропол а мехкашкара бахархоша. Таханлерчу мехех, уьш кхиссабаларх дуьйцуш ву Новр кIоштера Мусаев Iадлан.

Iадлан: Кху шарахь деккъа жижган мах тIекхетта лаххаре а деа тIуьманна. Чоьхьарчу кIошташкахь кхин а алсам дазделла жижиг. Массо хIума а ду дазлуш. ГIишлошьярехь оьшу гIирс гуттар а базбина: эчиг, шифар, дечиг. Арара политика бахьнехь Оьрсийчоьнан Iедал вуно чIогIа эшам беш бу нахана…»

Сан къамел хиллачара йоккхачу шеконца билгалдоккхура жижиган мах лацабелла,цхьана меттехь лаьттар бу бохург. Цара дийцарехь, 20-30 шо хьалхалерчу хьолаца дуьстича, тахана махкахь дохка жижгана даьхний кхобуш берш вуно кIезиг бу.

ГIалмакхойн, Ставропол мехкашкара, Аштаркъ кIоштера схьакхуьйлуш ду карарчу хенахь дукха бежний уьрсе дахка а, дIа а тиссина, чохь кхобуш дурсто а. Цигахь мехаш тIедетталу-ш лаьтташ ду,тIаккха долахошна санехь дац жижиг мах гIорийча санна латтор.

«Жижиг мах ялтица, докъарца бозабелла а ма бу, боху Новр кIоштерчу даьхнийлелорхочо Абаев Ширвана. -КIа, мукх, хьаьжкIа- цхьа хIума яц туьманал лахахь. Ур –аттал чана кепах доьху тахана 75 сом, иза яц цхьана аттана яъал бен.

Сайн харж метта а хIуттуш, жимма яьлла а тIе хIума йолуш ца хилча аса а, кхечо а кхош дахархьама кхиош ма даций даьхний.

Цхьана пайденна лелош ма дуй уьш. Бакъду хIара хьал ишта ладегIаме латтахь, шен хIумнех шад бина, ийгIина йоьдучу зудчо сана,хIара кхош дахар дита а дитна кхин амал бан безий те аьлла, шекваьлла-м ву со, со санна суна бевзаш кхиболу долахой а.

Кхечу меттигашкахь, кхайкхо эшна а доцуш,ахчанца-бохчанца, техникаца гIо до ялта а,даьхний а лелочарна, ткъа кхузахь нисса бIоста сурт ду-кх».

Ишта къамел динарг вара Новр кIоштера даьхнийн долахо Абаев Ширван. Цунна а, кхечарна а хетарехь мехаш лакхадовларехь вуно чIогIа тIеIаткъам бина Украинера ГIирма ахгIайре схьаяккхаро а, Шема пачхьалкхерчу тIамо а, чудаийтина кема бахьнехь, Хонкар пачхьалкхаца юкъаметтиг гальяларо а.

XS
SM
MD
LG