ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда

Бакъволчу нохчочуьнга

Хьан цIийца деха
ВорхIе дайн цIий,
И долччохь деха
Стогалла, сий.
Хезна ду олуш:
"ХIай жима къам,
Доккхачу къоман
Бан беза хам.
Чудилла чехка
Сан кеда сом!".
(Ясакхаш лучех
Ма даций тхо-м.)
"Ткъа реза дацахь,
Ношбели стом -
ДIамолуш дахар,
ТIекхалла тIом!"

Такхоре бижи
Заманан цIов:
Кад - изза, тиша,
Стом- керла дов
Кхийдадо хьоьга,
Хьан дерриг герз -
И хьоьца деха
ВорхIе дайн иэс.
ДIамала боху
Хьоьга хьайн цIий,
ТIекхалла боху
ВорхIе дайн сий.

Зарзло хьан
Cобар дихкина муш,
Хьуо ваа тоба
Динийла гуш.
Ницкъ боцуш дисча
Нуьцкъала дош,
Герз лоцчу куьйган
Дацдо ахь пхьош,
ДIамала олуш
Шайгга шайн цIий
ТIекхалла доцург
ВорхIе дайн сий!

2002

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG