ТIекхочийла долу линкаш

ДАIИШ-о вийначу жимчу стагах жоп доьху Кадыровс


Шемахь нохчо Хасиев Мохьмад ву аьлла вовзийтинчу жимчу стеган ДАIИШ-ан чалтачо корта боккхуш гойту видео яьржина интернетехь. Цуьнга хьажначу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, шен ницкъаша бекхам боцуш дуьтург дац Хасиев вер, аьлла.

Оьрсийн шпион ву аьлла 23 шо долу жима стаг, оьрсийн мотт а буьйцуш, вер гойту видео яржийна ДАIИШо шинарийдийнахь. Вийнарг мила вара, стенна вийна, хьанна вевзара теллира Маршо Радионо а. Цунах лаьцна алссам хезар ду шуна тIаьхьо.

XS
SM
MD
LG