ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву Шемахь урс хьаькхна нохчо?


Хасиев Мохьмад - Юдин Евгений, Оьрсийчоьнан шпион ву аьлла Шемахь жихIадхоша вийна жима стаг.
Хасиев Мохьмад - Юдин Евгений, Оьрсийчоьнан шпион ву аьлла Шемахь жихIадхоша вийна жима стаг.

Хасиев Мохьмадан иза Оьрсийчоьнан шпион хиларна корта боккху видео яржийна ДАIИШ-о. 23 шо долу иза ФСБ-но кийтарлонца Шема хьажор а, цигахь цуьнан садаккхар а бакъдо хьостанаша. Маршо Радионо теллира, мила ву Хасиев Мохьмад, муха кхаьчна хила тарло иза шен Iожалла карийначу тIаме.

«ХIай, оьрсий, шу юьхьIаьржа а хIиттош, эшийна оха!» - дикторо-жихIадхочо а олуш, йолало видео.

Шемарчу Ракка-шахьарахула - иза таханенна ДАIИШ-ан коьрта гIала ю - чекхдолучу Евфратан йистонца урс хьакха горатоьхна латтавечо ша Хасиев Мохьмад ву боху.

Шех лоций дуьйцуьйту цуьнга. Оьрсий ву. Iели-Юьртарчу боберийн лицейхь хьалакхиина, цигахь дешна, тIаккха НогIамирзин-Юьртарчу Хасиева Мархас шена дIа а вигина, цуьнан воI хилла ваьхна...

2012-чу шарахь иза Iели-Юьртарчу лицейно Майкопе техникуме деша дIатесна. Цигахь ФСБ-н белхахочо Казбека юьхьараэцна хIара, Шемарчу жихIадхойн могIаршка а кхачий, цигара хьал а толлуш, иза ФСБ-на довзуьйтуш хила аьлла.

Хасиев реза хиланний бен некъ ца буьту компромат а хилла ФСБ-хошкахь – иза «Лирика», наркотик шеца йолу молха, молуш хиларх а, Шемахь тIом бечу шина-кхаанца цо телефонехула зIелаттош хиларх а тоьшаллаш.

Доцца аьлча, вахана Мохьмад Шема, цигарчу кавказхойх дерг ФСБ-на схьагулдан. Амма ДАIИШ-о, ахшо далале, Iораваьккхина. Иштта вен а къачийна. Вийна.

Мила вара Хасиев Мохьмад? Цунах дийца хIун ду, толлуш, Маршо Радионо къамелдира Теркйистерчу боберийн лицейхь Хасиев Мохьмад Iамийначу а, шен белхан ражехь иза кхетош-кхиийначу а хьехархочуьнца Чабаева Ларисица.

Хасиев Мохьмад шен цIахь вехаш Iаш, могуш-маьрша хир вара, нагахь санна цо дехча цунна гIодина хиллехьара, боху цхьаболучара. Цо кхо шо хьалха, ша Майкопера дешна ваьлча, кехат яздина хилла Кадыровга. Дехна, шена махках вала ца лаьара, цигахь шена цхьа болх а нисбай, ваха аьтто бахьара ахь, Рамзан, аьлла.

Жоп цунна, гарехь, деллачух тера дац. Амма карийна Хасиевна бала болх-некъ ФСБ-на. Цо, тIехь да-нана, ур-атталла шех биэлха кхин нах а боцу кIант Шема, цигара хьал шен тергонехь кхабархьама, шпионалла леладайта дIахьажийна.

Цул тIаьхьа Юдин-Хасиев Мохьмадах хилларг гойту дуьне ма-дду яьржинчу, кху деношкахь ДАIИШ-о интернете хIоттийначу видеоно.

XS
SM
MD
LG