ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-ан чалтач вевзина


Деношкахь ДАIИШ-o Нохчийчуьра шен могIаршка кхаьчна хиллачу жимчу стеган корта боккхуш яржийна видео зийна Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша а. Билгалдаьлла, жихIадхочо логах урс а хьаькхна вийнарг ву итт шо сов хьалха бусулба дин тIеоьцуш Мохьмад цIе тиллина хилла оьрси Юдин-Хасиев Евгений.

Ткъа урс хьакхна чалтач а ву оьрси – Ноябрьск-гIалара вахана ДАIИШ-ах ши шо хьалха дIакхетта волу Земляника Анатолий. Хасиев Мохьмад корта баккха кхачийна, видеоно бахарехь, иза Оьрсийчоьно ДАIИШ-е шпионалла лелон хьажийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG