ТIекхочийла долу линкаш

ДаIиш тобанца Оьрсийчоь мехкадаьтта дохка-эцарехь махлелош хиларан тоьшаллаш дахкон йиш ю шен аьлла дIахьедар дина Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа еарийдийнахь. Де хьалха туркоша террорхошкара мехкадаьтта оьцуш хиларх дийцира оьрсийн тIеман министраллин векалша.

ТIом санехь бизнес хилар хууш ду массарна а. Бакъду, цу бизнесан декъачаран шайн ка ма доллу лачкъадо юкъараллех, шаьш тIамах сайоккхуш хилар.

Амма бакъду, сайоккхуш болчеран ларамаза барт иэгIахь я церан цхьа хIума галмархах далахь, хенал хьалха, дагахь а доцуш, гучуюьйлуш нисло юкъаралле шаьш нийсонан дуьхьа тIом бо а бохуш, бакъдолчехь шайн кисанан интересаш ларйархьама тIемаш болочийн а, тIемаш бечийн а къайленаш.

Ишттачех хьал кхолладелла кху деношкахь ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанна гуонахьа а. Аьлча, ДаIишца къуьйсуш ду шаьш бохучийн лагерехь.

Нохчийн кицанехь олуш ма-хиллара, сайна алале вир ала ас бохучу принципца Оьрсийчоьнан лакхарчу Iедало бехке йира Анкара, шайн кема цигарчу стигалларйаран ницкъаша Шемахь чудаийтинчул тIаьхьа, цуо ДаIишца мехкадаьтта дохка-эцаран бизнес лелайо бохучунна.

Шен рогIехь Туркойчоьнан куьйгалхочуо Эрдоган Реджепа цунна дуьхьал еаридийнахь дIахьедар дина, шегахь ду, Оьрсийчоьно ДаIишца мехкадаьттина тIехь махлелош хиларна тоьшаллаш, аьлла. „Тхоьгахь тоьшаллаш ду. Оха уьш дуьненна гойтур а ду“, - элира цо.

И дерриге а шина пачхьалкхан юкъаметтигашна тIехь тидам бечарна берийн ловзарех тера хета тарлахь а, амма мехала хIумнаш гучудоху цу пачхьалкхийн куьйгалхойн вербалан кхосса-баккхараш, къаьстина хьанна санехь ю ДаIиш бохучу хаттарна ша-башха жоьпаш а оьхьуш.

Цхьа шой ах шой хьалха цIеххьана ДаIиш тоба Шемахь а, Иракъехь а гучуиккхича, тIаккха юха цара масех эзар тIемлочун ницкъаца иттанаш эзарнашкахь шерашкахь Малхбузено кечбина болу Иракъера Iедалхой шайх уьдуш а болуш, инзаре дукха герзаш чохь долу складаш а, даккхий ахчанаш чохь долу банкаш а, мехкадаьтта доккху заводаш а, ткъа иштта миллионаш нах беха гIаланаш а схьаяха йолаелча а хоьттура дуккхаъчара, ларамаза-м дац хIара нах иштта тамашийна кхиаме ницкъ хилла дIахIоттар, цхьанна санехь доцуш-м хир ма дац хIара, бохуш.

Ткъа санехь, хенаца гучудолуш ма-хиллара, дуккхачарна хилира уьш.

Малхбузерчу пачхьалкхийн Iедалхошна уьш санехь хилира, шайн мехкашкахь маршонаш хедорна, террорхошца къйисам латтон беза бохчу бахьанашца къайлаъхчу сервисашна хьежош долу ахчанаш алсамдахарна.

Цул совнаха, ДаIишца къийсам латторна керла герзаш кхолларна, уьш дохкарна, герийн индустрияна пайда а хуьлуш.

Оьрсийчоьнна пайдехь хилира ДаIиш Кавказера кегирхой, цигарчу Iедалша садукъдина, социалан эккхарийн зил тIе бахкийна латтош болу, бIеннашкахь Халипате дIаоьхуш, цигахь уьш хIаллакхиларна.

Я террорхошца къийсам латтон безаран бахьанца Кремл юха а Малхбузенна улле кхачарна, дуьненан нуьцкъалчу куьйгалхойн тобане Путин юха эцийтархьама.

Асадна пайдехьа хилира ДаIиш, иза гучудаьлча дуьйна схьа цуьнан Iедал юха а чIагIдала доладаларна, хIунда аьлча Асадца тIом барна метта ДаIишерчу террорхоша мелхо а Асадна дуьхьал тIом бечу кхечу тIемлойн тобанех букъ тIехьара леташ хиларна.

И дерриге а тидаме эцча тамашийна а ца хетало, ДаIиш хIинца цхьаццайолчу пачхьалкхашна мехкдаьтта дохка-эцареь а пайденна хилла бохург, и саннарг муьлхачу а тIамехь хуьлуш хилар карладаьккхича-м муххале а.

Масала, Нохчийчохь тIемаш болчу хенахь а бара тIамах сайоккхуш болу Оьрсийчуьра ницкъаш цу махкахь совтIеха. Цу хенахь Исламик Релиф цIе йолчу гIодаран юкъараллехь болх а беш, йоллучу Нохчийчохь некъаш динчу Сугаипова Заремас дагалуьйцу, оьрсийн салташа я совдегарша тIамах бизнес муха йора бохург.

Сугаипова: „ТIамтIехь ахча даккха вуно атта ду. ГIаскхаша селхана-стомара вайн махкахь лелийнарг дага ма догIий вайна. Мехкадаьтта духкура цара хаддаза. Шаьш байъинчу нехан декъеш духкура цара, шаьш лийцина дIабигина нах эццахь буй, дIогахь буй бохуш, царех информаци ло шаьш бохуш, ахчанаш дохура цара.

Оцу Кавказ постехь-м цара, суна хетарехь, дашо ахчанаш даьхьана хир ду цара, оццул дукха ахча даьккхира цара тIех вол-волучуьнгара. Иштта массо а тIемашкахь а хуьлу, Иракъехь, Оьрсийчохь, Либехь.

Цхьанна а террорхошна дуьхьал беш а ца хуьлу и тIемаш, ахчанаш а, таронаш а бахьана долуш беш хуьлу. Цундела болуш хир бу-кх хIора шарахь аьлча санна дуьненчохь керла тIемаш“.

Сугаипова Заремас Нохчийчуьрчу тIамах лаьцна дагалуьйцург цхьана ДегIастанахь иштта хилла хьал дац, тIом болчехь масснахьа а хуьлуш ду. Адамаллин истори мел ю иштта схьадогIуш а ду. Цкъа мацах Троя схьаяккха лиинчу ширачу желтоша Парисо Елена ядорх дина бахьана.

Сараевохь Австрихой принц Франц Фердинанд верах а хилира лоьхуш карийна бахьана, хьалхара дуьненан тIом баккха. 2I-чу бIешеран тIемашкахь а карадора кхечу пачхьалкхана кочатасса бала дагдеанчу урхаллийн векалшна цхьацца мехала бахьанаш.

Масала, Иракъна чугIорта дагдеанчу Iамеркахоша цу пачхьалкхан хIетахь куьйгаллерчу Саддам Хьусейнан урхалло химин герзаш дина, и бахьана долуш и урхалла дуьненна а кхерам бу боху бахьана хаьржира, цигахь мел лехарг цкъа а и герзаш карийна дацахь а, амма цIе йисира, ткъа тIом тахана дIабирзина бац, мелхо а, цу тIамо кхоьллина тахана дуьненна а даджал санна ницкъ болуш а, кхераме а хеталуш йолу ДаIиш тоба.

ТIом баккха дагадеанчу ницкъаша мел нийсоне а, мел церан бакъ хиларна тоьшаллаш деш долу а бахьанаш дахкадарх, амма тIом болабаран бакъдолу бахьана даима а ахча даккхарий, шен ницкъ кхин а алсам баккхарий хилла, Трояхь хиллачун тIера, - ала дашна вайн заманахьлерчу Туркойчоь Iуьллучу меттехь хиллачу - таханалерчу ДаIишна тIе кхаччалца.

Герзаш дохка-эцар, уьш керланиш кхоллар, закъалташ бохк-эцар, йохийна гIишлош юхаметтахIоттор, тIамца дIалаьцначу меттигашкахь долу Iаламан таронаш шайн долайахар, иштта дIа кхин а, кхин а.

Тамашийна а дуй-те цундела, тIом даима а я мехкадаьтта, я газ, я деши я, алмазаш, я кхин долу пайденан лаьттабухара сурсаташ долчу меттигашкахь болуш хилар?

Тамашийна дуй-те ДаIишс дIалаьцначу меттигашкахь Iана а дахана мехкадаьтта хилар а, иза цара, мацах Нохчийчохь тIом болучу хенахь, оьрсаша шаьш духкуш хилла мехкадаьтта цхьана денна сацийна ма ца хиллара, террорхоша шаьш шайца тIемаш бечарна дохкар а цхьана денна сацош ца хилар а?

XS
SM
MD
LG