ТIекхочийла долу линкаш

Яндарбиев Зелимха. ХIумма а ца дисна сан юхахьежа...


Prayers in Chechnya

Prayers in Chechnya

Яндарбиев Зелимха

***

ХIумма а ца дисна сан юхахьежа,
Цхьа некъан чан йоцург, дIаюьжуш йолу.
Ас сайца дIахьош ду сайн къолам-кехат,
Синтем а боьхкина ас эцна долу.

Ас сайца дIахьош ду хьан бIаьрхийн къа а,
Хьоьга а, цхьанге а гечдар ца доьхуш.
Ткъа хьуна буьсаш бу къастаран лазам,
ЦхьамогIа хаттарш а,шайна жоп доьху.

Екъа хьуна юьсуш ю толаман байракх,
Вайшимма сел луьра къийсана йолу.
Амма де хир дац хьан, и хьалаайа,-
Ахь цунах дийр ду хьайн бIаьрхишна йовлакх.

Нахана дуьсуш ду, вайшиннах дийца,
Вайшимма ваьшшимма дитина дош а ....
Цхьаволачо дог лозуш дуьйцур ду иза,
Цхаволчо-эвххьаза, кхардадеш дог вайх....

Ткъа хьуна - анайист йоьжнначохь лаьтта,
ЦIергахь малх багабеш, кхерсттачохь алу,
Жоп доцуш, дагадеш гIелделла бIаьрса,-
Кийрахь мохь буьжур бу, хуьлуш лен талу.

ТIаьххар а, дог дуьллуш дуьненах, Делах,
Буйнаш ахь къовлур ду, къовлур ду дог а.
Хуур ду сан безам ца хиллий бегаш -
Уггаре халачух кхетар ду дог хьан.

Кхетар ду, эрна дуй, мел тIаьхьа хьежарх,-
Вайн синойн къа летта со новкъа волуш,
Сайца дIадаьхьнехь ас сайн къолам-кехат,
Сайн са а доьхкина ас эцна долу.

Яндарбиев Зелимха (1952-2004) гоьвала нохчийн байтанча а, яздархо а, политик а вара. Яндарбиев Зелимха вина I952-чу шарахь гезгмашин беттан 12-чу дийнахь. 1981-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн университетан филологан (нохчийн мотт а, литература а) факултет чекхъяьккхира. 198I-1982 шерашкахь дуьхьара байтийн гуламаш арахийцира. 1984-чу шарахь ЧИАССР-ан яздархойн бертан декъашхо хилира, ткъа 1985-1986 шерашкахь СССР-ан яздархойн бертахь болхбира. 1987-1989 шерашкахь дийшира Москох Горкий цIарах лаккхарчу курсашкахь. 1989 шарахь литературан хьехамча санна болхбира ЧИАССР-ан яздархойн бертахь. Цу шарахь дуьйна “Барт” политикан организацин гIаьнтда а вара.

Нохчийчуьрчу маршонан боламан жигара декъашхо вара Зелимха. 1996-1997-чу шерашкахь Нохчийн Республикан Ичкерин президентан декхарш кхочушдира. Оьрсийчоьнан эскарашна дуьхьал тIамехь дакъалецира 1994-1996-чу шерашкахь. 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан къайлах сервиша Дохехь терроран акт йина вийра Яндарбиев Зелимха.

XS
SM
MD
LG