ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Ахьмад. Ма ала соьга


Нохчийчоь --Соьлж-ГIала, заздоккху-беттан 8-гIа де, 2016
Нохчийчоь --Соьлж-ГIала, заздоккху-беттан 8-гIа де, 2016

Сулейманов Ахьмад

Ма ала соьга

Бовхачу безамца
Хьайга дог кхийдаш,
Хьо ца гуш дахна де
Кхоьлина хеташ.
Мацалла, хьогалла
Хьо йолчохь йицлуш.
Хьо езначуьнга ахь
Йицъе ма ала!

ХIара дуьне дита а
Хир ву со реза,
Амма со дуьненчохь
Мел веха гIоза,
Самах а, гIенах а
Хьо сайна езар
Далхадеш вехар ву:
Йицъе ма ала!

ШалгIа мотт вайшинна
Юкъе ма буьйли,
Соьцара хьан безам
Шелбелла бели
Сан даго тIаьххьара
Хьоьга мох эли:
Сан безам, соьга хьо
Йицъе ма ала!

Сан бIархих, сан дуйнех
Хьо ма ца кхийти.
Езар сов мел дели,
Со хийра хийти.
Шелделла тIулга дог
Ахь суна гайти,
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!

Сай кийра йижий ахь
И Iаьржа буьйса,
Вити ахь со хьайга
Къайлах сатийса.
Ахь суна дихкина
Хьо йолчу хьийзар
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!

Ахь алахь кийча ву
Лекха лам ахка,
Кийча ву хьо лоьхуш
Вала а акха.
Ма таса вайшинна
Юккъе ахьа мекха,
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!

Реза яц хьо соьца
Сан безам бекъа,
Вехар со валлалца
Безаман шовкъехь.
ХьагI йоцу сан безам
Хьанна бу новкъа?
Сан безам соьга хьуо
Йицъе ма ала!

Валлалца хьо йицъян
Хир вац со реза,
Хьуна со ца везарх,
Суна хьо еза.
Вайшинна метта хьо
Ехийла гIоза,
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!

Сулейманов Ахьмад вина 1922 шеран стигалкъекъачу-беттан 1-чу дийнахь Хьалха-Марта районан Олхазар-кIотарахь. Ишкол яьккхина ваьлча Ахьмадас серлонан наркоматан инструктор а, комсомолан райкоман секретарь а болх бо. Сибрехара цIа дирзинчул тIаьхьа цуо чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт. Цул тIаьхьа Ахьмада дуккха а шерашкахь хьехархочун а, директоран а болх бо Хьалха-МартантIера а, Олхазар-кIотара а ишколашкахь. Цул совнаха, Нохч-ГIалгIайн яздархойн союзан литконсультантан декхар кхочуш а до цуо. Шен кхоллараллин болх А.Сулеймановс 30-чу шерийн чаккхенехь болийра. «Безаммий, шаьлтий» цIе йолу стихийн хьалхара гулар араяьлла 1967-чу шарахь. ХIетахь дуьйна шуьйра йовза йолало поэтан цIе. «Цхьа-ши дош» книга язъярна Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан совгIатан лауреат а хилира Сулейманов Ахьмадах. Ахьмадан дуккха а байташ иллешка, эшаршка йирзина, халкъана шуьйра евзаш а, езаш а ю. Кхин цхьаъ билгалдаккха деза: вайнахана йицъелла Нохч-ГIалгIайн чохь лелла вайнехан топонимаш меттахIоттийра цо. Кхалхар нисделира цуьнан 1995-чу шеран мангал-беттан 20-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG